ТIекхочийла долу линкаш

Доллу адам Соьлж-ГIалин майдана а оьзна, дуьне «цец а доккхуш» гулам хIотто Iалашо ю мехкан куьйгаллин кху беттан 23-чу дийнахь.

Iедалан мукъ карахьболчаьрга кхин дIа а урхаллехь Iар доьхуш, кIошташкахь гуламаш дIабахьа лоьруш бара Iедалхой. Де а билгал а даьккхина, маьхькIамхоша а, гIуллакххоша а цунна хьасартне кечамаш бан а болийнера ярташкахь жимма хьалхо.

Амма цу «маьIнечу хиламна къастийна кIиранде тIекхача масех де дисча, нахана дика хьаам а хуьлуш» гулам ца хуьлу» аьлла делира. Бакъду, дукха дах ца делла бахархой «мукъабовлар».

Карарчу хенахь цIе яьлча санна маса кечамаш беш бу кхузахь Зазадоккху- беттан 23-чу денна. Цу дийнахь вовшахтухуш бу Iедалдайша мехкан гулам. Цунна лерина бечу кхайкхамашка а, кечамашка а хьаьжча, цкъа а ца тоьхначу кепара дукха махкахой цхьаьнатоха Iалашо лаьцначух тера ду куьйгалхоша.

Схьагучу суьртехь,олуш ма-хиллара «гIаж таккхол мел верг» Соьлжа –ГIала майдана дIакхачо везаш ву, референдум тIеэцна де даздан. Цуьнан сий-лерамна цига дIакховчо безаш бу Iедалан балхахь мел берш а, дешархой а, студенташ а.

Цул сов, могIарерчу белхочо 5-6 эзар алапа догIуш, хехо бен иза вацахь а шеца вига веза 5 гергара стаг я веза –вевзарг. Царал хаъал сов жоьпаллин дукъ тIедоьжна хьехархошна а, лоьрашна а, кхечу белхошна а: цара шайца Соьлжа-кхачо вогIу итт-итт вахархо.

И тIедахкарш бегашена доций хоуьйту, хетарехь, хIинца а дуьйна, дIа а язбеш, церан цIерш а, уьш цига буьгу болчу машенийн ноьмарш а префектуре дIакхачош хиларо.

Сила-а долу адам «шайн лаамехь» цу доккхачу дикане доьдуш хиларе терра, цара шайн чоьтах леца еза машенаш а, шаьш гIайгIа бан беза юучунна-молчунна а. Коьртах а даьккхина дийцаре дийриг референдум дIаехьна 23-гIа де даздар делахь а дукхахболчара кхетадо стенна гулбеш бу оццул дукха нах Соьлжа -ГIалин майдана.

Стенна еш ю гIалахь 23 дийнахь митинг аьлча луш долу жоьпаш чулацам тера болуш ду.

Соьлжа –ГIаларчу гуламан декъашхо хила декхарийла болчара дечу къамелашкахь го церан дог-ойла а, цара и хилам мехала лараран тIегIа а. Новр-ГIалин кIоштера могIарера белхахо Салавди ву дуьйцуш.

Салавди: «Тхоьга пхиппа стаг валаве аьлла, ткъа хьехархошка ворхI-ворхI. Ца вигахь балхара дIавала боху. Сан чохь кегий бераш бен кхин стагга а вац воккхачех, ас мила вига веза, суна мила вогIур ву. Вигча а цунна даа-мала ца деза, некъана харж ца еза? Тхайн лаамехь доьлхуш санна даха а деза-кх».

Махкахь дIахьучу массо бохург санна хиламашна юьстах буьсуш бац хьехархой а, лоьраш а. 23-чу денна шаьш бечу кечамех дуьйцуш ю Гуьмсан кIоштера лор Марет.

Марет: «И де даздан доьлхуш ду-кх тхо. Цул сов оха тхайца дешархой а буьгу, дай-наной а буьгу. Тхайн машенаш а хила еза. Церан ноьмарш а, буьгуш болчу нехан цIерш а дIаелла хьаькамашка. Мел адам вовшахъкхета хаа дезачух тера ду-кх царна. ХIинццалц и дацара ткъа хIинца 8-чу классашкара дуьйна бераш а дигар а магийна митинге».

Карарчу хенахь каде дIахьучу кечамийн тIехула йина а терго яро гойту кху беттан 23 –чу дийнахь Соьлжа-гIала майданахь инзаре дукха адам дIагулдала тарлуш хилар.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG