ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно шен Шемара ницкъ арабоккхуш бу баха хьалхе ду


Оьрсийчоьнан тIеман министралло бинчу хаамца, Шемара кхин а цхьа кеманийн ковра йирзина цIехьа. Цуьнца ду тIеман кир лелабен Ил-76 а, СУ-25 а кеманаш. Президента Путина оршоьтадийнахь динчу омрица арадаккха долийна Шемара Оьрсийчоьнан ницкъийн доккхаха дакъа.

Оцу юкъанна тIеман министран гIовсо, статс-секретара Панков Николайс дIахьедина, террорхошна ден тохарш совцор дац оьрсийн кеманаша, аьлла. Шинарийдийнахь Вашингтонан векало Эрнест Джоша бакъдира Оьрсийчоьно шен эскарш Шемара арадохуш хилар. Амма цкъачунна дIадаханарг массех кема бен дац, цундела Оьрсийчоьно шен Шемара ницкъ арабоккхуш бу баха хьалхе ду, элира Эрнеста.

Пхи бутт бу Оьрсийчоьнан авиацино Шемахь тIом болийна. Кремло дуккхаза а дIахьедина, шен кеманаша исламан экстремисташна до тохарш, аьлла. Амма Iамеркарчу гергамчаша а, Шемарчу бакъоларъярхоша а чIагIдо оьрсийн кеманаша тохарш Шемин президентна Асадна дуьхьаллаьттачу оппозицина до бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG