ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вайн вовшашца а ца буьйцу вешан мотт


Нохчийн меттан де герга мел кхочу, шуьйрра дуьйцуш ду зорбанехь нохчийн меттан мехаллех, мотт дIабаран кхерамах а.

Кху тIаьхьарчу шерашкахь Оханан-бутт герга мел кхочу а бийца боккхуш махкахь ненан мотт, шовкъе дуьйцу цуьнан мехаллех а, и дIабаьлча къам къомах долуш хиларх а.

Бакъду, нохчийн меттан де аьлла, кхайкхийна де тIекхочуш, цунах дийцар марсадаккхахь а, ненан мотт, хи ца тоьхча маргIала дулу синтар санна, эшамехь бу.

Телерадиохь шуьйра пайдаоьцург оьрсийн мотт бу, дуьйцург хIуъу а делахь а, ладугIуш берш 99% вайнах белахь а.

Спортехь, балха тIехь-дахаран муьлххачу декъехь а ша баьхначу кхиамех а нохчочо тахана оьрсийн маттахь дуьйцу. Бен-башхалла а дац и хан тоьхна стаг я зуда хилар а, я кхиъна догIуш кIант, йоI хилар а- буьйцург гIазкхин мотт бу.

Телерадиохь долу хьал чуьра дуьйна девзачара чIагIдарехь цигахь къахьоьгуш болчу дукхахболчу белхошна хаа а ца хаьа шайн ненан маттахь яздан а, я лартIахь къамел дан а.

Кхета а дина тIеэца мел лазаме делахь а,тахана нохчашлахь зеделла бакъдерг а хилла дIахIоьттина, вайнехан дуккха а берашна ненан маттал хьалха оьрсийн мотт Iамар. Хьулам а ца беш, долчу суьртах ма-дарра аьлча, кханенан ойла а ца еш,дай-наношлахь кIезиг бац, оьрсийн матто хьалхе яккхарх,хьомечу,гергарчу маттал хьалха берашна и караберзарх кхаъ хуьлуш берш.

И сурт Iаткъаме хилар, цо къомана дика дохьуш цахилар, тахана бIаьрла хета сурт кхана бале дериг хиларх юкъаралла кхето гIертачу яздархойн аз, мохь-цIогIа тахана хаззане а хезаш дац Нохчийчохь.

Нохчийн маттаца дозаделла, ворхIе дайша перза а лоруш, заманан кIоргера схьадеъна гIиллакх-Iадаташ мел дайделла кху 21 –чу бIешарахь?

Цу тIера доладелла сан маттах лаьцна къамел Хьалха-Мартана тIерачу яздархочуьнца Эльжуркаев Мохьмадца.

Мохьмад: «Дуккха а дайделла, дуккха а. И бийца а оццул бахарх ледара бевлла бу-кх кегийнарш, тIекхуьу чкъор. Тахана хIуъу дина а самабаккха безаш мотт, карладаха дезаш ду гIиллакхаш. Ишколашкахь хьалхарчу классашкахь дешар а ненан маттахь хила дезара тахана.

Стенна аьлча, шен нохчийн мотт Iемаш схьадогIучу берана цIеххьана оьрсийн мотт хьеха болийча цуьнан психика галйолу. Ас сайга хаьттича чуьра дуьйна схьа и Iамор а, бийцар а юьхьар а лоцуьйтур дара, бераш цу маттахь кхетош-кхиор биста кхаччалц.

ХIинца ишколашкахь этика урок ю кIирнах цхьаъ. Иза кхачо йолуш яц аьттехьа а. Нохчийн гIиллакхаш, Iадаташ Iамош масех урок хила еза. Коьртаниг масал дIагайтар ду. Оцу масало дика Iамадо бер. Тахана оцу нохчийн маттана орца доккхуш лаьтташ ду,амма схьалоцуш, кхетам болуш нах кIезиг бу.

Масал а ца гойтуш бахарх тоаме дац. Ваьш лелориг цхьаъ а долуш, дуьйцург кхин а долуш хилча цунах гIуллакх ма ца хуьлу. Балха тIехь хьуна нохчийн йоза хууш цахилча, хьан гIуллакх дIагIур ца хилча ахь Iамор бу-кхи иза. И Iаморехь гIо дийр ишколашкахь юьхьанцара классаш ненан маттахь хилийтаро а».

Нохчийн маттах, цуьнан хиндолчух шена хетарг олуш дог-ойла йовзийтина дешан говзанча Эльжуркаев Мохьмад тешна ву, амал ма-дду сиха, ишколашкахь, юьхьанцара классашкахь дуьйна ненан мотт бацо ца болабахь, цIе яьлча сиха оьрсийн матто «йийсаре» ерзош къона тIаьхье кхана,лама шайн маттана тIеберзо вуно хала хир ду аьлла.

XS
SM
MD
LG