ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мигрантийн хьокъехь дийцарш хир ду Брюсселерчу саммитехь


Еара а, пIераска а Эгейн хIордачухула Желтойчу эзарнашкахь дIаоьхучу мигрантийн хьокъехь дийцарш дIадахьа лерина Европан Бертан а, Туркойчоьнан а лидерша. Брюсселехь и саммит йолалуш Евробертан кхеташонан куьйгалхочо Туск Доналда дIахьедина, агIонийн «вуно дукха ду дан дезаш» мухIажиршца дерг цхьанаберта кхачон, аьлла.

Туркойчоьно иттех де хьалха хаийтира, ша мигранташ тIеоьцу, нагахь санна Европано оцу гIуллакхна ахча а лахь, ша Евроберта юкъаэцар а сихдахь, аьлла. Саммит лерина ю и массо а агIонаш йийцаре а еш, мухIажирша хьоьгу бала байбан, миграцин низам роже далон. Амма тергамчашна хетарехь, атта кхочуш хир яц туркойн Iалашо – Евроберта юкъахь йолу Кипр дуьхьал ю Туркойчоь Евробертехь декъашхо хилийта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG