ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Обамас кхайкхина Оьрсийчоь Савченко дIахецаре


Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Обама Барака а, кхин а масех экономикехь ницкъала йолчу пачхьалкхийн лидерша а Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир кхайкхина украинахойн кемалелорхо Савченко Надежда лаьцначуьра дIахецаре.

Кхаарийдийнахь шен телефонехула Путинца хиллачу къамелехь Обамас аьлла, Минскехь бинчу бертаца а догIуш, Москох а, Киев а, Донбассера сепаратисташ а декхаре бу, Минскехь бина барт а ца бохош, низам талхорца лецна нах дIасахеца. Савченко Надеждин дахар, цо мацалла лаьцна хиларе терра, кхерама кIел ду, Оьрсийчоьно иза мукъаяккха догIу сихха, боху массех пачхьалкхан цIарх Киеверчу Iамеркан векалто шен сайтатIе тоьхначу кхайкхамехь а.

Оьрсийчоьно Савченкон бехк бузу Донбассехь шайн ши журналист верца – цо лучу информацица диттина Украинан эскарша журналисташ болчу метте герзаш, боху оьрсийн талламчаша. Йоьдучу кхелехь прокурораша 23 шо набахтехь даккха кхайкхор доьху Савченкона.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG