ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муьлш бу шайн карах къам сийсаздийраш?


“Iазапна дуьхьалояран комитетан” куьйгалхочунна Каляпин Игорна кхаарий суьйранна тIелатар дина Соьлж-ГIалахь туьтмIаьжгаш йоьхкинчу зуламхоша. Лазийна, йина чевнаш яцахь а, дуккхаъчу наха цалайна иза сийсазвар.

«Къизаллашна дуьхьалояран комитетан» куьйгалхочунна Каляпин Игорна т1елатар хилачул тIаьхьа гIарадаьккхинера цуьнан сурт. Дикка хьажчий бен вевзар воцуш, юхь а, костом а тортех а, демех а, баьццарчу молханах а юьзина вара иза.

Амма иза охьатаьIина гуш вац цигахь. Мелхо а, оцу суьртан-стаг къера а хилла охьа ца таIаран, ша бохучунна тIера ца валаран, гора ца хIотторан символ ю аьлла мах хадийра, социалан машанехь.

Цхьаболчара цуьнан сурт а хIоттира шай аватар тIе- «Со Каляпин Игор ву»,-аьлла.

Шена тIелатар хиллачул а тIаьхьа, зIене бевллачу журналисташка Каляпин Игора дуьххьара аьлларг ду, иза динарш нохчий а, бусулба а бу аьлла ца хета шена.

И дIахьедар тайна шаьш нохчашна, амма цхьаболчу тергамхоша, и гIуллакх иштта а кIоршме даккхархьама тIедожжош боху, иза нохчаша дина а ду, иза цара бен дийр а дацара, бохуш.

Кхин хьан дийра ду иза? Оьрсаша дина ма даций иза, аьлла хоьтту социалан машанехь, масала дагестанерачу цхьана блогера. Кхечу дашца аьлча, цхьаберш и инцидент шайна луучу агIор ерзон гIерта.

Каляпин Игор, цо ша дийцарехь, Грозный-сити хьешан цIийнехь сецна хилла. Баьхкинчу журналисташна интервью лучу хенахь, цуьнан неI а тоьхна, гIаралхошца веанчу директора араваьккхина иза.

Араваккхаран бахьана кехат тIехь яздай ваккха аьлча: «Хьуна Iовдал хета со? Хьайна Iовдал ган лаахь, куьзган чу хьажа»,-аьлла ша забарш ца йойла хаийтира шега, бохуш дийцина бакъонашларъярхочо.

Хьешан цIийнера араваьлча, цигахь лаьттачу кегийчу наха тоьхна цунна торт а, дама а, баьццара молха а. Шен белхан накъостий уллехь а боцуш висинчу цо, телефон тоьхна хилла Талламан Комитетера шена вевзачу белхахочуьнга Соболев Игоре.

Иза а махкахь вевзаш стаг ву, цхьацца кIоршме зуламаш теллина волу. Иза тIевале, бакъонашларъярхочо полицехь шена хилларг дIадийцина. Цигахь тIе а кхаьчна цуьнга вистхиллера нохчийн адвокат Садаханов Заурбек. Цо иштта элира шена гинчу суьртах лаьцна.

Садаханов: «Каляпин полицийн декъехь гира суна. Оцу хенахь кабинет чохь вара иза. Цуьнга куьг а делла, могашалла муха ю хаьттира ас. Шена дамий, хIоъший, баьццара молхий диттина элира. Лоьрашка хьажийта а ца лаьа элира. Тхо арадевлча цуннна тIехьавеара Соболев Игор. Цуьнца дIавахара иза».

Каляпин Игора Соьлж-ГIаларчу полицийн декъехь арз дина, шена тIелатар динарш схьалахахьара аьлла. И дIахьедар цуьнгара схьа а эцна цара. Садаханов Заурбека бахарехь, Iедалша кхоччуш толлург хир ду и хилла зулам.

Садаханов: «Цо кхин муьлш бу, хьан дина а кхин шуьйра дийца а ца дийцира. Iедале язйина кехат чуделира цо. Iедал тIехьадериг хир ду-кх иза динарш къасто. Цигахь, нагахь санна, тIехьакхиа ларш хIума елахь».

Нохчийчохь дукхачу наха халахетарца тIеэцна Каляпин Игорна дина тIелатар. Иза бакъонашларъярхо хилар бахьанехь а дац иза боху царах цхьаболучара. Шайн махка веанчу стагана и хIума дар, нохчийн гIиллашца а, бусулбачу низамца а догIуш дац, элира Маршо Радиога, Соьлж-ГIалара вахархочо Исаев Мохьмада.

Исаев: «Сийсара бакъонашларъярхочунна динарг суна халонга даьлла. Со нохчо волун дела халахетта суна. Иза динарг суна бусулба а, я нохчи а ца хета».

Къиза тIемаш боьлхучу хенахь а, нохчаша, шаьш йийсаре лаьцна оьрсийн эскархой а, тIе пIелг а ца Iуттуш, шайна дайшка-наношка дIалуш дукха меттигаш яра. Ткъа, хIун кхерам гуш хилла и бакъонашларъярхо бен воцучу оцу стагах, ша ца кхета, бохуш кхин дIа а дуьйцу Соьлж-ГIаларчу вахархочо Исаев Мохьмада.

Исаев: «ХIокху шина тIамехь йийсаре лоцуш дукха меттигаш ма хилла. Суна хезна дац царна тIехь къизаллаш йина бохуш. Уьш мелхо а, дIалора гергарчаьрга. Дика лелабора уьш, мел чIогIа тIом хиллехь а, мухха а уьш баьхкина хилча а».

Каляпин Игорна Соьлж-ГIалахь динчу тIелатаро, Нохчийчоь юьхьIкаме, маьрша, паргIат меттиг санна ца гойту, аьлла хета Соьлж-ГIалара вахархочунна Исаев Мохьмадна. И гIуллакх лерринчу тидаме а эцна, талла а теллина, бехке берш жоьпе озо беза, элира цо.

Исаев: «Массо а меттехь вай кхайкхош ду, Нохчийчоь паргIат меттиг ю, кхуза дуккха а нах бахка беза бохуш. Амма, вайн агIор дика ца нисло и хилларг. Нахана моьттура ду, кхузахь кхераме ду, аьлла».

Каляпин Игор «Къизалашна дуьхьалояран» комитетан куьйгалхо хилар сов, иза декъашхо ву, адамийн бакъонашкахула Оьрсийчоьнан Президентан кхеташонан декъашхо.

Цундела, ша верриг хьоьжура Кремлехь хIун олу хиллачуьнах. Оьрсийчоьнан президентан зорбан-секретара Песков Дмитрийс, журналисташа деллачу хаттарна аьллера : «Хилларг тIеэца аьттехь а йиш яц. И хIуманаш кхин дIа а ца хилийта, ницкъаллийн структураш кхоччуш талла деза»,- аьлла.

«Къизаллашна дуьхьалояран» комитет юкъахь а йолуш хIара шолгIа инцидент ю КъилбаСеда Кавказехь хилларг. КIира сов хьалха, цуьнан белхахошна а, цара кхайкхинчу журналисташна а тIелатар а дина, йиттинера муьлш бу ца хуучу кегийчу наха.

ГIалгIайн махкахь хиллера иза. Оцу хIуманна бехке берш муьлш бу ца къаьстина хIинца а.

ХIокху хиллачуьнна хьокъехь таллам муха боьрзура бу а ца хаьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG