ТIекхочийла долу линкаш

ХIюменс Райтс Вотч-о емалйо Iамерка


Адамийн бакъонаш ларъечу ХIюменс Райтс Вотч юкъаралло емалйина Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ, цо стохка ОвхIанистанехь дарбан цIенна тIе бомбанаш еттарна ша шен эскаршна дина лоручу таIзарийн хьокъехь. Иттех эскархочунна дисциплинаран таIзар бен ца дина Кундузехь «Дозадоцу лоьраш» цIе йолчу дарбанхойн лазартне а йохош, 42 стаг верна. Бакъоларъярхой резабац цхьанна а дуьхьал бехктакхаман гIуллакх ца айдарна, стагга а набахте ца кхачорна.

ПIераскан Нью-Йоркехь и дIахьедар даржийначу ХIюменс Райтс Вотчо боху, доггIу таIзар эскархошна цадаро беллачийн синош сийсаздо, иза нийсо яц, оцо ОвхIанистанехь а, кхечу муьлххачу а махкахь а зуламаш дан некъ буьту лаккхарчу эпсаршна. Кундузехь стохка дарбан цIенна кемано динчу тохарца пациенташ баларал совнаха, велира массех лор а.

XS
SM
MD
LG