ТIекхочийла долу линкаш

Саццанза дийцаредо наха кхаарийдинйнахь Соьлж-ГIаларчу хьешан хIусамера ара а ваьккхина, сийсазваккхар «Iазапна дуьхьалояран комитетан» куьйгалхо Каляпин Игор.

Телерадиохь, интернет машанехь – массо хаамийн гIирсаша кар-кара а оьцуш, дийцаре деш хиларе терра, меттигерчу хьостанаша хьахош доццушехь, нохчашлахь шуьйра даьржина, къайла-къулах а доцуш, хьулам а ца беш, Соьлж-ГIала веъна хьаша Оьрсийчоьнан президентан Кхеташоно декъашхо, «Ницкъбар сацочу комитетан» коьртехь волу, пачхьалкхехь дика вевза бакъонашларьярхо Каляпин Игорна, и аьшнаш веш, харц, эхье тIеIаткъам бар.

И хилам хьахабаларций могIарерчу наха олуш дерг цхьаъ ду: « Ма эхь ду, ма юьхькIаме хIума дац иза къомана, ма вайнехан иэсаца догIуш дац цу кепара хьаша лахван гIортар» ишта кхин дIа а.

Массара а бохург санна, вайнахана эхье лору муьлш бу ца хуучу наха хьешацIийна хьалха хьаша холча хIоттавар.

Эхье хилла ца Iаш, цхьаболчара кхеторехь къаьмнашна юкъа сим тиссар,церан вовшашка цабезам кхолла гIертар санна а нисло, сел лерам боцуш, кIоршаме хьаша дIахьажор, ма-дарра аьлча эккхор.

Москохара дуьйна охьа могуьйтуш дацахьара и санна товш доцу, маьттаза хIумнаш шайна могуьйтур дацара кIошташкахь а боху цхьаболчу тергамхоша. Царех ву Шелан кIоштера Бухади.

Бухади: «Къаьмнашна юкъара барт эгIон гIерташ лело а там бу сел тамехь доцу, зуламе, маьттаза хIумнаш. Соьга хаьттича, коьртера дуьйнна охьадогIуш. МогIарерчу бахархоша шайггара цкъа а лелор дац и саннарг, я уьш баьхьар а ма бацара. Мухха делахь а, къам юьхькIайчу хIотон хIума-м дац иза».

Кху Зазанан- беттан 16-чу дийнахь Соьлж-ГIалахь и бохаме меттиг нисьяр бахьнехь мелхо а Каляпин Игор сий-ларамехь гуттар лакхаваьлла лоруш берш чот йоцуш дукха бу. Къаьсттина чIогIа тайна могIарерчу нахана «ша сийсазван гIоьртинарш нохчий хуьлийла а дац, нохчаша цкъа а ца магийтина шайна кхиберш кхаьрдар болу хIума» бохучу маьIнехь бакъонашларьхочо дина дIахьедар.

Цхьанне Iиттарш яр а доцуш, стагга а нажжаз а ца веш, тIех собаре, лераме цо телевизионехь дина чулацаме къамел бахьнехь дукха бахархойн бIаьрг буьзначух тера ду Каляпинах. Церан бIаьргашца и лакха валаре терра, хIумма а диканиг ца хазадо цара цу отелехь болх бечу, хьеше вон бага лейинчу зударийн хьокъехь а, иза араваьлча цунна тохар динчу кегийрхойн цIарх а.

Шена и тамехь йоцу меттиг нисйиннашехь оьгIазе, жахьталла ца гойтуш, «ас-со» доцуш, цо дина лераме къамел тайнарш а бу дукха. Отел чохь шена зударий тIеберзарх цо ишта хааме даьккхина. «Цара цхьабосса маьхьарий хьоькхура хьо муха хIутту мехкадех вон дийца. Мухха а со цхьа жоп дала воьлчу цара юкъахвоккхура».

Каляпина дийцарехь, цу чохь болх бечу зударша иза хьешан цIийнера аравала вуьтуш ца хилла. «Со кхетара, цара со леррина сецош хиларх, арахь тIелата безарш схьакхаччалц,-аьлла, Каляпина Игора тIаьхьо ша динчу къамелехь.

«Делахь а ваха а. вада а меттиг яцара са-м»,- дицина кхин дIа а бакъонашларьярхочо. – Ас бода а болале дIабахийтинера сайн белхахой. Соьга кхеталора Соьлж-ГIалин цхьана отелчу со вуьтург цахилар.

Ишта со кхетара Соьлж-ГIалахь бехачу сан нохчийн доттагIашна со вахана дIа гучувалар Iаламат чIогIа кхераме дуйла».

Шен накъостех дог лозуш, царна бала тарлучу бохамах уьш ларбеш цо, Каляпина Игора динчу къамело къонахаллехь вуьзна стаг санна а, гIиллакхе, оьзда юьхь ша санна а вайнехан кхетамехь хаъал лакхаяьккхина цуьнан цIе.

XS
SM
MD
LG