ТIекхочийла долу линкаш

Шо-шаре мел долу а къоначарна вайнехан гIиллакх-Iадаташ ледара довзар, цара уьш кIезиг лераме хилар, нохчийн Iедалехь адамаша (гергарчара а, хийрачура а) вовшашца юкъаметтигаш, уьйр-марзонаш муха лела йогIу хаъане цахаар я къовзийна хаар ненан маттаца дузурш дукха бу махкахь.

Эхьениг,оьзда а, товш а доцург дIататтарехь, аьттехьа ца дитарехь, юьхьIаьржонах ларваларехь Iаламат чIогIа гIо до нохчийн матто боху цхьаболчу зеделлачу махкахоша. И мотт бахьнехь, мел ницкъала халонаш тIехIиттарх нохчаллех ца бухуш,даима деза а,сийлахь а лоруш, ворхIе дайшкара дуьйна схьа, къомо, заманан кIоргера таханлерачу дийне схьакхачийна вайнехан шатайпаналла билгальяьхна гIиллакх-Iадатийн жовхIарш.

Къоначу чкъурана карарчу хенахь уьш дицделла дагIар ненан маттаца дузу цуьнан терго ечу Iилманчаша-яздархоша хьовх,ур-атталла дешначу наха а. Иштачех ву цIеран ТIехьа-Мартанан кIоштара соьлжагIалахо Мехтиев Муса.

«КIезиг молланаш бац тахана маьждигашкахь хьехамаш бечу юкъана а оьрсийн дешнашна тIе а тийжаш, къамелаш деш. Цаьрга лан а ледара дугIу, я дог ца догIу. КIорггера хаа а хууш, цIена нохчийн мотт буьйцуш волчуьнга дукха лорий ладугIу наха, цо далхориг, цо беш болу хьехаммма-м хьала а, охьа а, дош хеташ, тIе а лоцу.

Ишта къамел дира Мехтиев Мусас шен ойла нахе дIакхачорехь нохчийн мотт дика хаар вуно маьIне хилар билгал а доккхуш. «Нохчийн мотт дикаш хууш волчунна,-боху Мусас, - иза йоI елахь а, кIант велахь а башхалла а йоцуш, дика хаьа хьуна вайнехан гIиллакх-Iадаташ а.

Бакълена а шайн мотт дика хууш болчара цкъа а хьан некъаш хедар бац хьуна,боьдуш-богIуш хьоьца лераме а хир бу хьуна,шайгара оьзда доцург а долуьйтур дац хьуна». И чIагIам бинарг вара кхузткъара ваьлла соьлжагIалахо Мехтиев Муса. Цунна хетарехь ненан моттий, гIиллакх- Iадаташший вовшахбаха йиш йоцуш цхьаьнабозабелла кхетамаш бу.

Ненан мотт ледара хааро дайдо юкъараллехь гIиллакх-Iадаташ,байлуш схьабогIу нохчалла боху кхетам а аьлла хетарш а бац кIезиг. Цхьаболчарна и чIогIа халонга долу,цара шайн ницкъ кхочучу барамехь дуьхьало йо нохчийн маттах а, цуьнца доьзна гIиллакх-Iадатех а, нохчаллех а ца тила.

И кхетамаш перза а лерина ишта гIулч яьккхина масала, Теркйист кIоштан Бена-юьртарчу вахархочо Виситас. Ас цуьнан юьззина цIе ца йоккху айса цуьнгара пурба даьккхина цахиларна. Иза ворхI шо Францехь даьккхинчул тIаьхьа, билггал бакъ а долуш,хIорда йистехь шен долахь хилла кхо чоь йолу хIусамаш а йитина, хIора дийнахь 70-80 евро ДаймохДалапа догIу болх а битина, Даймахке схьаян дуьхьало йина зуда а йитина,шен кIант а валош цIа веъна.

Бахьана цхьаъ ду-кIант нохчаллех цатилийтар. Кху сохьта ас вуьйцург базарахь ялта духкуш ву: хьаьжкIаш,мукх,жарж. Ала дашна цо шен юьртара кхин зуда а ялийна. Цу масал тIера доладелира сан яздархочуьнца Эльжуркаев Мохьмадца вайнехан гIиллакх-Iадатех а, ненан маттах а, нохчаллех а къамел.

Шен рожехь цо а далийра масал.

Эльжуркаев: «Руслан бохуш ву сан цхьа накъост. Йоккха бизнес а йолуш, тIедогIуш даккхий, миллионашкахь ахчанаш а долуш, Сочехь дIатарвелла Iаш волу иза цIа веъна-кх доьзал а балош. Хьо стенна веъна цIа аьлча оцу Руслана элир-кх: «Сан доьзалх нохчий хир бацара, цундела царех нохчий хилийта веъна».

ХIетахь дуьйна цуьнан ойла еш Iийна-кх со. Хила а ма ца хуьлу. Хьажал, оцу гIалахь болчу кегийрхойн а, кху юьртахь бехаш болчийн а гIиллакхаш мел бен-бен ду хаьий хьуна? Уьш ши тайпа бу-кх! Кхузза юьртарчийн гIиллакхаш хаъал алсам довлу-кх!

Россехула дIа а бахна бехачийн гуттар а дIа ма довлу уьш. Цундела шен махкахь, шен къоман юккъехь Iар доккха совгIат ду. Хьо а, со а Iалур вацар-кх геналлехь хан токхуш. ХьастагIа тхан юьртан моллас боху, деллахь, хьенех, оцу цхьана вайн юьртахо волчу вахнера со, йоI маре йоьдуш, там-мах бан.

Оцу стеган хIинцачул тIехь вуно чIогIа лерам бийр болуш ву-кх со. Вуно чIогIа тайна-кх суна цуьнан къамел. Маре йоьдучу йоьIан деваша хиллера иза. Цо кхиийна а хилла и йоI. Да цуьнан хила а ца хилла. И йоI схьалуш цу девашас элир-кх: «Хьенах, шу хIара йоI бахьнехь юьхьIаьржа хIуьттур дац шуна! ХIара йоI ша гIиллакх-оьздангаллица шена кхиийна яцара нахана нус хила кхиийна яра!». Мел хьекъале аьлла цо!»

Нохчийн гIиллакх-Iадатех а, маттах а къамел дина Эльжуркаев Мохьмад а, и санна бIеннаш кхиболу говзанчаш а тешна бу вайнехан шатайпаналлех дуьзна гIиллакх-Iадаташ, тIекхуьу чкъор кхетош-кхиорехь кIорге йолу вайнехан Iедалехь баьрччехь лаьттина, биллам-тIедахкарш,ламасташ диц ца далийта а, юкъараллехь нохчийн мотт бацабар, хIинцачул а массехазза а жигара даккха догIу аьлла.

XS
SM
MD
LG