ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Истамбулехь теракт йина вевзашвоцчо


Ша а вуьйш Истамбулехь нах лелхийтина цкъачунна вевзашвоцчо. 5 стаг велла, 20-нна чевнаш йина, шахьаран губернаторо Шахин Васипа бинчу хаамца. Шоьтадийнахь гIалин юккъерчу базарна гергахь дина эккхийтар. Лазийначех кхоъ Израилан вахархо ву, туркойн Доган агенталло бахарехь. КIира гергга хьалха Хонкарахь а дира талор – молханах юьйлина машен эккхийтина вийра 37 стаг.

Ткъа кхин а кхо кIира хьалха Истамбулехь ишттачу зуламо вийра 29. Хьалхалера и ши эккхийтар Курдойн Белхан партин болх бу аьлла къастамбира Туркойчоьно. 12 стаг а вуьйш эккхийтар Истамбулехь динера кхо бутт хьалха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG