ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Венехь нохчий ма-барра зен аьтто бу австрихойн


Австрин коьртачу шахьаран Венерчу цхьана кIоштан музейхь масех де хьалха схьабиллина Нохчийчоьнна лерина гайтам

Европехь уггаре а яккхийчех нохчийн диаспора еха Австрехь. Амма нохчи цу махкахь дукха белахь а, церан цIе хаамийн гIирсашкахь кест-кеста йохуш елахь а, - доккхачу декъехь негативечу кепахь, - нохчийн къомах а, цуьнан Iадатех а, исторех а лаьцна кIеззиг хIума хаа австрихошна.

Ур-атталла нохчийн шайн къаьстина, оьрсийчоьнца я Iарбойчоьнца боьзна а боцуш, мотт буйла а ца хуийла кхеташ хуьлу меттигерчу бахархоша дечу хеттаршца ладоьгIча. Хийла хеза цара олуш, шу нохчи массера а багахь ду кхузахь а, массара а хьехош а ду, амма шух лаьцна хууш цхьа а хIума дац, шаьш довзийта дезара аш, олий.

Цул совнаха, кхин цхьаъ стереотип ю нохчашца доьзна Австрехь а, луларчу Германехь а- нохчийн диаспора, кхечу къаьмнийн диаспорашца дуьстича, уггаре а дIакъовлаелларг ю, шайца вовшашца бел уьйраш а йоцуш, меттигерчу бахархошна пе а бетташ, хийраниг шайна юккъе а ца вуьтуш ехаш, аьлла.

Бакъдолчехь, и хьал иштта дацахь а, ткъа нохчи вовшашлахь арахьарчурчаьрца цул а дуккха а алсамох цатешамаш а, шеконаш а йолуш хилар меттигерчу бахархошна ца хаьа, ца хаьа царна иштта нохчийн къоман амалех, мелхо а, дог а, хIусам а кхечарна схьадиллина хилар а, гергарлонаш а, доттагIаллаш а дезар а, уьш лело хаар а дуйла.

Хила там бу, хIинца Венерчу 20-чу кIоштехь, шех Бригиттенау олучу, меттигерчу музейхь схьабиллинчу гайтамо мелла а нохчех долу хаарш австрихошлахь алсамдаха. Цу гайтамехь, кIоштан куьйгаллин а, меттигерчу музейн директоран а боламца кхоьллинчу, гойтуш ю Бригиттенаухь дехачу тайп-тайпанчу къаьмнийн дахарах а, церан исторех а, духарех а, Iадатех а долу хаарш довзуьйту эскпонаташ.

„Цуграйзт“ ю гайтаман цIе, немцойн меттан венахойн диалектера нохчийн матте даьккхича, „тIебаьхкинарш“ бохург ду иза. ТIебаьхкинчарна юккъехь бу дуккхаъ нохчи а, къаьстина доккхачу терахьца оцу ткъозлагIчу кIоштахь бехаш болу.

Цигахь, ткъозлагIчу кIоштахь ю вайнахалахь „нохчийн базар“ олуш йолу Егерстрассера базар а, чиллан баттахь хьонк схьабала болалучу хенахь уггаре а хьалха Австрехь иза эца карош йолу. Амма „нохчийн базар“ нохчийн хилла ца Iа, цигахь тайп-тайпана къаьмнаш ду шайн сурсаташ а, кхачанаш а бухку – йоллучу Бригиттенаухь тайп-тайпана къаьмнаш дехаш ма-хиллара.

Иза, и цу кIоштахь бехачу нехан орамийн тайп-тайпаналла а, церан Iадатийн тайп-тайпаналла а билгалдаьккхира Маршо радиоца шен хиллачу къамелехь музейн директоро Шваб Хайдис а.

Шваб Хайди: „ Бригиттенауэн бахархой дуккхаъ тайп-тайпанчу пачхьалкхашкара а, гIаланашкара а, културашкара а нахах вовшахкхетта бу. ТIебаьхкинарш бохург цхьанхьара миччанхьара а схьабаьхкинчех олуш ду.

Иза ду кху гайтамехь тхо нахана дIаоьхьа гIерташ дерг а – кхузара бахархой бен-бенчу къаьмнех белахь а, амма бертахь вовшашца ларамца кхузахь цхьаьна бехаш хилар.Ткъа уьш мичара орамаш долуш бу бохург иза хIора цхьа-цхьаццачу стендашкахь ган а, деша а йиш ю гайтаман хьовсархойн“.​

Гайтам вовшахтухучу хенахь музейн директорна Шваб Хайдина а, кхечу музейн белхахошна а нохчех лаьцна йолу гайтаман агIо Iалашйан гIодеш вара цу Бригиттенауэ кIоштахь шен тушпхьа йолчу Толеранц цхьаьнакхетараллин куьйгалхо Бисаев Хаваж.

ХIара санначу гайтамо оцу сохьта сихонца Австрехь нохчех кхолладелла долу негативе сурт дIадоккхур ду бохучуьнга сатийсар дукха догцIена хир дара, бохуш дийцира цуо Маршо Радионе, амма хIете а хIара санначу гIулчаша а, хIара санна болх, гIел ца луш, алсам баро а гIодийр ду, меттигера бахархойн а, нохчийн уьйраш чIагIйан.

Бисаев: „ХIара гайтам кечбечу хенахь нохчех лаьцна экспонаташ оьшура аьлла, кхузара белхахой вайна тIебаьхкича, массанхьа а бовза-безачаьрга дIасааьлла, йол-йолчаьргара схьагалйинера оха и хIумнаш. Вайн къомах долу сурт ишттачу гайтамашца а, хаддазам меттигерчу нахана вайн дика агIонаш гойтуш а тодан дезаш ду. Атта болх бац иза, амма ца бича ца болуш болх бу“.

Гайтамехь нохчашна леринчу стендашкахь хьовсархойн тидаме диллина ду Iаьржа верта а, месала куй а, тайп-тайпана шаьлтийн тайпанаш а, кIудалш а яра. Дара цигахь иштта нохчийн хIора а дикчу зудчуьнна дIаяханчу заманчохь хила декхарийлахь ларалуш хилла долу тай-маха лело бохча а, иштта дIа кхин нохчийн деладенера гIирсаш а.

Exhibition of Chechen culture in Vienna, 2016
Exhibition of Chechen culture in Vienna, 2016

Масех де хьалха схьабиллина болу гайтам цхьана шарана бахлуш, цундела луучийн тоъалла хан ю Бригиттенауэрчу музейхь нохчийн къомах долу шайх хаарш шортан гIорта.

XS
SM
MD
LG