ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ша-шеггара Шемахь том дIабахьа магадо шена Оьрсийчоьно


 Оьрсийчоь -- MI-28 N беракеманаш "Кубинка" авиабазехь
Оьрсийчоь -- MI-28 N беракеманаш "Кубинка" авиабазехь

Шемахь кхайкхийна машар бохош хьийзачу ницкъашна дуьхьал Оьрсийчоь шинарийдийнахь дуьйна кийча хир ю ша-шеггара герз тоха, аьлла дIахьедина Оьрсийчоьнан эскарийн инарла штабан оперативан урхаллан буьйранчас Рудской Сергейс.

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа хIинца а жоп ца делла ша кхо кIира хьалха Шемахь машар латторах хIоттийначу Оьрсийчоьнан кепах хетарг олуш, бохура Рудскойс. ТIом сацоран хьокъехь Москох, я кхечу меттехь гулбала беза Iамерканний, Оьрсийчоьнанний эксперташ аьлла дара хIетахь Кремло дина дIахьедар.

Иштта, оршотдийнахь Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс дIахьедира, Шемара Хмеймиме а, Тартус а базанаш ларъеш дуьсур ду цхьадолу Оьрсийчоьнан дакъош, аьлла.

Оьрсийчоьнан керла кеманаш а, беракеманаш а кхаьчна Шема, аьлла, Iамеркан иччархойн аналитикан Старфор компанино хаамийн гIирсашкахь яржина информаци къастош, тIеман министралле хатта деза, аьлла Песковс журналисташка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG