ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Назарбаевн парти тоьлуш ю Казахстанерчу харжамашкахь


Казахстан -- Харжамийн жамIаш даздан кечлуш бу казахаш-юьртахой, 21Заз2016
Казахстан -- Харжамийн жамIаш даздан кечлуш бу казахаш-юьртахой, 21Заз2016

КIирандийнахь хенал хьалха дIабаьхьначу Казахстанан парламентан харжамашкахь, официалехь доцчу жамIаша гайтарехь, 82 процнент кхаьжнаш а гулбеш, тоьлла Iедалехь йолчу Назарбаев Нурсултанан парти.

Кхочучу хаамца, харжамхойн 77 проценто лаьцна цигахь дакъа.

Советан Iедал доьхчхьана схьа хилла цхьа а харжам бац Казахстанехь «маьрша» а, «нийсонца а» дIабахна, Малхбалено къобалбина.

Маршо Радион корреспондеташкара кхочучу хаамашца, хIинца харжамашкахь а тергаллуш хилла цхьацца харцонаш.

107 депутатах лаьттачу мажлисе президентан "Нур Отан" партина дуьхьалхIоттийна вацара нахалахь цIе лелачу лидерех цхьа а.

ШолгIачу меттехь ю, цкъчунна динчу жамIашца – 7 процент – «Акх Жол» парти.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG