ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

70 шо сов хьалха бирзинчу тIеман зов


Дуьненан ШолгIачу тIамах бисина хIоъ
Дуьненан ШолгIачу тIамах бисина хIоъ

Билггал иккхинарг хIун ю- бомба, мина я йоккхачу тоьпан хIоъ, хууш дац.

И лазаме меттиг хьалхо ниселлехь а, хаамийн гIирсашкахь гIараялаза йисина. Юьртахоша дийцарехь, хадийна дIабаьккхича санна, кхозуш ког a болуш, Соьлж-ГIала дарбанан цIийне кхачийна лазийнарг.

Лулахоша чIагIдарца, 5-6 сохьтехь валарний, висарний юкъахь дархо а волуш, лоьраша шайн ницкъ кхочург дерриге а дина, иза кIелхьарваккхина.

БураевгIеран ков-керт лардеш лаьттинчу полисхойн белхоша а, юьртахоша а дийцарца, иккхинарг 71 шо хьалха д1абирзинчу Гитлеран Германица хиллачу тIамера герз ду. Оцу бохамах шайна гинчух а, хезначух а дийцира Ищерин юьртарчу наха.

Зударий: « Мохьмадан ког охьа –м ца баьллера… Лаьттах йоллу биргIа схьаяккха воьлла бах. И хадош иккхина. Тата вуно чIогIа дара, дуьне дегош санна. Цхьаболучеран кевнех гаьргаш а еттаелла».

Невран кIоштарчу Ищерехь, стаг вуьйчура а волуш, ларамаза нисделла эккхар бахьанехь бахархошца дагавийлича гучудолу, Ставропол махкаца доза долуш, Теркан аьрро бердаца Iохкучу Буруны-ГIамаршлахь йолчу ярташкахь мацах-мацахлерчу Дуьненан шолгIачу тIамах дисина герзаш бахьанехь бохамаш бийлар нахана керла цахилар.

Цу хьокъехь дийцира Рубежни юьртарчу вахархочо, школан хьехархочо Цуцаев Iалавдис.

Цуцаев: « ХIоккху юьтара гIамаршка дIавоьдуш наха «минанийн майда» олуш, ши чакхарма генахь, цхьа меттиг ю-кх. Цигахь карайо-кх хIинца а патармийн чкъоьргаш а, яккхийчу тоьпийн хIоьънаш карош дукха масалш ду…

Сан дешархо хилла а волуш ву цхьаъ. Цуьнан даьккхира куьг… Сан хенара цхьа юьртахо а вела ишта карийна цхьа эчиган хIума схьаястар бахьaнехь».

Кхузткъе цхьайтта шарах чекх а даьлла, рогIера стаг лазош, таханлерчу дийне схьадеъна 20-чу б1ешарера тIеман зов, кхин мосазза дека деза те, и саннарг кхин ца хилийта маца «тохалур» ду те Iедал, хоьтту шаьш-шайга бахархоша. Ткъа хеттраш цкъачунна жоьпаза дуьсуш ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG