ТIекхочийла долу линкаш

Шинарийн Iуьйранна лелхийтарш дина Брюсселерчу аэропортехь а, метрохь а. Бу цу терактехь байинарш а, лазийнарш а.

Белгин коьрта шахьар Iадийна лелхийтарша

Шинарийдийнан Iуьйранна Брюсселерчу аэропортехь лелхийтарш дина цкъачунна муьлш бу къастонза дуьсучу наха.

ТIаьхьо кхин а кхо талор дина Белгерчу метро чохь а.

Беллачийн, лазийначийн терахь хан мел йолу хийцадала тарлуш ду, цкъачунна болчу хаамашца, 26 стаг вийна, чевнаш йина 50-нна.

Брюсселан Iедало теракт ю йинарг бохуш, чIагIдо. Цунна хетарехь, ша-шен эккхийта араваьллачу стеган дегIах хилла цхьа бомба, шолгIаниг чамдичохь.

Шемарчу тIаме бусалабанаш дукха дIаоьху аьлла гIараяьллачу Белгерчу Моленбек кIоштахь веха стохка Парижехь динчу талорашна бехке хеташ, лаца кхайкхийна хилла Iабдесалам-Салахь. Кхо-диъ де хьалха Iедалан аьтто баьллера иза лаца.

Брюсселан полисхоша дийцарехь, и стаг ваьхначу хIусамехь карийна дуккха а герз. Полици толлуш ю шайн карахь волчу, Парижерчу талорашна бехке лоручу Iабдесалам-Салахьан дакъа ду я дац Брюсселехь динчу лелхийтаршкахь.

Маршо Радионо масех хаттар дира Брюсселехь вехачу нохчочуьнга Алан Бергмане, кху карарчу муьрехь кхерамна кIел ехачу пачхьалкхера хьал довза лаарца.

Цо иштта дийцира.

Бергман:

«Нах, балха воьдург, балха воьдуш, деша боьлхурш деша дIасалела зама ю иза. Кхузара гIаличуьра ара ма ваьлли ю и Залентен олу аэропорт. Цигахь эккхийтарш дина цара, нах бойуш, лаза а беш. Дукха хан ялале, Малбек олучу метрон станцехь дина. Доккха зулам ду и динарг, хьаъа а динехь а. Дала къайла ма бохуьйтийла цьш, нахана чIогIа бохам бина цара.

Бусулбачу нахана пайденна шаьш дина бохуш, цхьа къамелаш дан а тарло цара, ца хаьа и хьан шена тIе лоцур ду. Оцу метрочохь уггаре а дукхахберш бусулба нах хуьлуш бу дIасалеларш. Доллучу дуьненах шаьш летар ду бохуш, кхерамаш туьйсуш Iаш бу халифатера ду шаьш бохуш цхьа нах.

Царех цхьамма эр ду хIинца, шаьш боккха толам баьккхина аьлла. И тодам а бац, боккха бохам бу. Я цара, я гIазакхаша ца дайтахь, кхин и дан бахьана долуш цхьа а ца го суна».

Кхин дIа къамел деш Алана билгалдаьккхира, бусулбачу нахана цхьанне кепара дуьхьалонаш, новкъарлонаш меттигерчу Iедало еш цахиларх. Со сайн махкахь ца ваьхна тахана санна маьрша, паргIат, аьлла, тIе а тухуш, дийцира Алана.

Бергман:

«Бусулбачу нахехь цхьа а гIело ма яц кхузахь, со Iаш волчу меттигехь 4 маьждиг ду, хьайна лаахь маж лелае, хьайна лаахь месаш лелае, паргIат меттиг ма ю хIара.Шайн махкахь баха а ца битина, дукха хенахь дуьйнна кхуза Iен схьабаьхкина нах ма бу хIорш.

Со сайн махкахь а ца ваьхна кхузахь санна паргIат. ТIаккха и санна долу зулам муха дйир ду. Кегийн бераш, маьрша бахархой, царна дуьхьал зуламаш деш волу стаг, лартIехь вац».

Уггар хьалха, зулам шайна, бусулбанашна, дуьхьал дина лору Бергман Алана. Цо воккхаверца дуьйцу белгийхоша бусулбанашка болчу ларамца леладен гIиллакхаш. ХIетте а, тIаьхьа ца кхуьу иза, маьршачу нахана дуьхьалдаьхначу зуламех.

Бергман:

«Кху белгийхойн бусулбачу нахе ларам муха бу хаьий хьуна? Кхара базалг ца хIоттайо керлачу шарна, бусулбанашна новкъа догIур ду бохуш. Ишколашкахь хьакхийн жижиг ца леладо, вай и ца дуий хууш.

Марха достучу дийнахь, бусалбанаш бехачу кIошташкахь некъаш дIа а къовлий, дIа-схьа машенаш ца лелуьйту, и де дIадаллац, новкъарло ца яйтархьама. ХIинццалц иштта дара, хаац, кхин дIа хIун хийцамаш хир бу.

ХIинцца болчу хаамашца велларг 26 стаг ву оцу шина терактехь. машенаш лелаш яц, метро а сецна. Ишколаш дIакъевлина, кхерам хIинца а тIехь лаьтташ бу аьлла, чуоьзна эскар ду, полисхой а бу».

Хиллачу зенан барамаш буьззина къастоза бу цкъачунна. Белгин ницкъаллин структураша, талламчаша цкъачунна Iорадаьккхина дац, шайн ницкъаша кхерамзалла меттахIоттош дан леринарг. Амма кхеташ ду, и барамаш пачхьалкхехь дIахьуриг хилар.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG