ТIекхочийла долу линкаш

Ахматова Раиса

Шераш

Сайн шераш дIаэхарх, кхерац,
Гиччош сайн къеждаларх, елхац, –
Жималлехь сатуьйсуш лехнарг
Карийна. Харц хастам лехац.

Бес-бесар Хилла сан денош…
Мел халчу новкъа со яларх,
Суо йина юрт йицой лелаш
Хилла яц минотехь цкъа а.

Пепнаш го дийна цхьа бода,
Хиш хеза эшаршца декаш,
Казбек лам, ло лепаш, дIогахь
Ойланехь кIадбелла хетта.

Шена тIе кхоьллина гIовтал,
Кхузахь цкъа Iуьйренаш кхехьна
Пушкина. Сан махках башха
Поэмаш Лермонтовс яьхна.

Нохчийчоь! Сан хьоме Даймохк,
Хьан уьйтIа кхаьчнарг ю бIаьсте!
Со, кхоллам хьайчух дIаийна,
Къоналло шозлагIа хьаьсти.

Ахматова Раиса йина 1928-чу шеран гIуран-беттан 13-чу дийнахь Соьлж-ГIалахь. 1943-чу шарахь цо чекхъяьккхира Соьлж-ГIара хьехархойн юккъера доьшийла. 1958-чу шарахь иза деша яхара Москох СССР-н яздархойн Бартехула йолчу Лаккхарчу литературан курсашка. Уьш чекх я яьхна, цIа еанчул тIаьхьа Азматова Раиса Нохч-ГIалгIайн респубдикан синбахамаллин министран куьйгаметта хIоттийра. Иза Нохч-ГIалгIайн АССР-ан яздархойн Бертан гIентда а яра (1961-1983), ЧИАССР-н Лаккхарчу Кхеташонан гIентда яра (1963-1985). Цо язйина иттанаш книшкаш ю зорбанеяьхна. Цуьнан байташ дуккха а меттанашкахь арайийлина. Иза цхьаъ бен нохчийн зуда яц "Нохч-ГIалгIайн республикан къоман поэт". Цхьаболчу талламхошна хетарехь цуьнан кхоллараллин белхан ерриг архива (600 сов папка) Оьрсийчоьнна - Нохчийчоьнна (1994-1996) хьалхарчу тIамехь егира. 2012-чу шарахь Ахматова Раиса а, Жумалаева Лулала дуьненан зударийн анталоги юккъетоьхна нохчийн поэзин векалш санна. Шен дахаран тIаьхьарчу шерашкахь цо куьйгалла дира Совет Пачхьалкхан синбахамаллаин фондана. Ахматова Раисан дуьненан некъ хедира 1992 шеран 29 дечкен-беттан дийнахь.

XS
SM
MD
LG