ТIекхочийла долу линкаш

Бексултанов Муса.

lахар

Хьуна, сан lахар,
кхин цкъа а хьуна… боккха
ма хилахь, цкъа а боккха.

Жа дукъал чоьхьа, доккхо къаьстачу таьlначу аганчохь дара. Лам берриг а lаьржа къаьстара, стигал кlел бохь гlортийна. Седарчий, сагалматаш санна, меттахъхьера.
Мох сих-сиха тулгlенашца схьахьодура. Тlаккха бовра.
Цхьа кlеззиг хан яьлча, юха а хьокхура. Цо цхьацца хьожанаш а, тlаккха кхерамаш а бохьура шеца.
Жа нахарш дохуш lохкура, узарш а деш, йовхарш а етташ.
Наггахь lахар lаьхара, цхьа цlена, цхьа зевне. Нанас къорра, доцца аз хазадора дуьхьал. lахарна ца хаьара, хlара хlун ду, жа иштта дlа хlунда тийна. lахарна лела лаьара, жана тlехула когаш а бетташ, царна байн кур а тухуш, наггахь, ша гена баьлча, нана мичахь ю а хьожуш.
Нанна хаьара. Нанна дерриг а хаьара. Нана цундела меллаша lаьхара дуьхьал, шен аз ца даржийта, ца хазийта, мохе дlаса ца дахьийта.
Цхьа шийла, цхьа инзара, дерриг а дегl гlорош, чо стамбеш аз деара цхьана геннара, хьевхьера схьа: «ув-ув-увв-увв» деш, тlаьхь-тlаьхьа дахлуш, озалуш, дерриг а дуьне дlалоцуш санна.
Жlаьла летира.
Жlаьла дай летира, меллаша: «гlалх-гlалх-гlалх» деш, ша-шена санна, юха иштта цу озана «ув-ув-увв» деш, гlийлла дуьхьал а цlевзаш.
Жий lаьхира боцца.
lахар бедда тlебеара. Охьабижира нанна уллохь. Нана хьаьжира, хьожа а йоккхуш.
– Нана, хlара хlун ду? – хаьттира lахаро, – со цхьа шел ма ло, дегl эга ма до сан?
– Иза борз ю, – элира нанас, – цуьнан аз шийла ма ду, деза ма ду цуьнан аз… Борз инзара ма ю, къиза ма ю иза чlогlа…
– Иштта хlунда ю иза? – хаьттира lахаро юха.
– Цуьнца lожалла ю, – элира нанас, – хьан а, сан а – массо а са долчу хlуманан а.
– lожалла хlун ю, нана?
– Лазам бу-кх, беккъа цlена – лазам. Коьмо кур тоьхча лазабой хьо?
– Бо.
– Иштта лазам бу-кх lожалла а…
– Тlаккха борз вон ю-кх, нана? Юй?
– Ю. Борз бlобаш ма ю. Хьо хьайн нанна уллохь хила ма беза, гена а ца болуш.
– Ахь жlаьла хилча, хlумма а хир дац ма элира…
– Жlаьло вай лар ма до. Жlаьла леташ хезирий хьуна?
– Хезира…
– «Ма гlерталахь кхуза схьа, кхузахь со ду хьуна. Ас нанин lахар бохьуьйтур бац хьоьга!» – бохура хьуна жlаьло.
– Нана, жlаьла дика ма ду, дуй?
– Хlаъ, ду. Жlаьла сахиллалц дlа ма ца дуьжу, вай барзах лардеш. Сахиллалц лета ма лета иза. Цунна берзан хьожа а ма кхета…
– Нана, борз бен, кхин цхьа а вон хlума ма дац, даций?
– Борз санна вон хlума-м дац, кхин а дуккха дан-м ду уьш.
– Кхин хlун ду, нана?
– Урс а ду, кlода а ду, уггар вон – lовдал lу а ву, юха аьрзу а ду.
– lу lовдал а хуьлу, нана?
– Хуьлу. Жа шайн моккъа дажа ца дуьтуш, цхьана метта хьийзош, тlелоьхкуш верг вон lу ма ву. Олуш ца хезна хьуна уьстагlо: «Бlаьста со суо хьалагlатталц ца lуьллуьйту волу lу ма хуьлда сан – со хьалагlаттале керла буц тlейолу; гурахь со суо гlатталц lуьллуьйту волу lу а ма хуьлда сан – со бижинчуьра гlаттале буц якъало гурахь», - олуш.
– Ца хезна… Нана, аьрзу хlун ю тlаккха?
– Цхьа даккхий тlемаш а долуш, стигалхула хьийзарг аьрзу ду-кх. Цо хьо санна болу жима lахар дlа ма хьо, нанна юххера дlабаьлча…
– Со цкъа а хьуна юххера дlа а бер бац, со… со…
– Ма балалахь, хьуо боккха хиллалц.
– Со боккха маца хир бу?
– Хьой? Гурахь хир бу-кх. Хаза ларга а лергина, цlан а белла, ши маlа а яьлла…
– Ларга хlунда лоргу, иза хlун ду, нана?
– Иза кlода ду-кх, ас хьоьга дийцина долу. Бlаьста, гурахь – шозза lожална кlел ма дуьйшу вай, кlоданца лоргуш.
– Со бедда-бедда дlагlур бу-кх, боккха ма хилли.
– Дlабахча барзо буур бу, дlабаха мегар дац…
– Ткъа ас хlун дан деза! Кlоданах келхьара муха бер бу со?
– Хьуо ларга охьабиллича, бетта а ца луш, lадда lилла беза. Тохабелча – хадабо. Хадийча – нlаьний до, нlаьний дича – цомгаш хуьлу, цомгаш хилча - урс хьокху.
– Нана, уьш дукха ма ду, соьга лелалур ма дац… уьш. Суна цхьа кхин хlума…
– Хьуна хета иштта, уьш дукха ма дац. Дийнахь жана юьстах ма лела, буьйсанна а жана юккъе бижа охьа…
– Буьхьигаш-м ма ца юьйшу жана юккъе, дlога, гой хьуна, тархашца лаьтта-кх, юьстах а евлла…
– Уьш барзо атта ца лоцу.
– Уьш хlунда ца лоцу, нана, борз царах кхоьру?
– Ца кхоьру, цаьрга мохь болу, шаьш лаьцча. Тlаккха жlаьла лета. Юха lу гlотту, топ а кхуьйсуш.
– Аса а хьокхур бу-кх мохь…
– Вайга мохь хьакха ма ца ло. Дала ца делла-кх вайна иза. Цундела ларбала ма беза хьо.
– Со-м ларлур бац, со иштта охьа а бижина, кхин хьала а ца гlоттуш, lуьллур бу-кх хlуьттаренна, вон хlумнаш дlадовллалц…
– Нана яла хьан, иштта мегар ма дац. Дуьне ма ду хlара, Дала иштта кхоьллина. Барзо уьстагl буу, борз кхечо юу, кхиниг вукхо юу. Хьуна буц ма еза, езий?
– Еза. Шура а еза.
– Гой хьуна, ас буц ца йиъча, хьуна шура хир ма яц. Шура мерза ма ю, юй?
– Ю, шура а ю, хи а ду, юха цхьа кегийра буц а…
– И буц а ма ю иштта са долуш, хьо а, со а санна. Хаза сийна хьала а яьлла, тlехь зезагаш а долуш, малхехь йох а луш, иза а лаза ма йо…
– Тlаккха ас хlун дан деза! Ас буц юур а яц-кх, со хьох бакха а бекхаш, хи а муьйлуш, ловза а ловзуш, лелар бу-кх.
– Хlан-хlа, буц а яа еза. Буц вайна яа тlейолуш ма ю, вайга мийлийта оьхуш ма ду шовданаш а…
– Ас ахь аьлларг дийр ду-кх, нана… со юьстах а лелар бац, жана юккъехь охьа а буьжур бу, кхин… кхин хlун ду, нана? Кхин хlун де ас?
– Кхин хlумма а дац-кх, хьо хьайн ненан бакхарш бу-кх, жима а болуш, хаза а болуш, кlайн-кlайн тlаргlа а хьийзина, боккха дума а лестош… Хlинца хьайн ненах бакхал цкъа, тlаккха охьабуьжур бу хьо, хьайн нанна улло.
lахар, хьалхара голаш лаьтта гlортош, охьа а таьlна, шозза-кхузза чинк тоьхна, шура а йолаялийтина, дуьман суьрк дlаса а лестош, юх-юха а чинк а етташ, бакха хlоьттира шен ненах.
Нана, нох а дохуш, lадда лаьттара, наггахь lахаран дуьмех бат а lуттуш. lахар гуттар а карзахболура, ша нанас хьаьстича, дума лестош, чинк етташ, юх-юха а бекхаш.
Юха и шиъ охьабижира: нанас шена улло, «бlа-бlа-бlаь» олуш, некха хьалхха схьабалийра lахар, шена гуччохь хилийта.
lахар когаш кlел бохкуш, ненах дlа а хьакхабелла, хьаьрччина, буйннал хуьлуш горггбелла, «пах-пах» аьлла, шозза-кхузза шок тоьхна, мара а цlанбина, яьlна ирах а саттош, дlабижира.
Буьйса lаьржа яра, лаьтта тlехь хуьлуш ма хиллара, стиглахь-м иштта lаьржа а ца хетара. Лаьмнийн баххьаш стиглан таьlна-сийначу соьналлехь бода хуьлуш лацаделлера.
Буьйса инзара яра, шен ца гучу, ца евзачу къайленашца.
Буьйсано кхерам туьйсура, юхь ца гун кхерам.
Цхьанхьа-м чlоб а дийкира: «чкъий-й-дт, чкъид-чкъий-й-дт» деш, хенан барам боькъуш санна.
Буьйса сама а ца елира – буьйса тхьевсинера, lахар санна.
lахарна сийна-баьццара дуьне гуора гlенах, къеггина кхетта малх а; цхьа байн мох а хьоькхура лекхачу даккъашца. Хlара шен ненаца бара, жlаьлеш а дара гена доццуш; цхьа узам беш, дlатаьlна, кхеран lу а lуьллура.
Буц яра шортта, шийла шовда а. Хlара шена лиъча охьабуьжура, юха хьала а гlоттура. Хlара lаьхча – нана дуьхьал lаьхара. Тlаккха хlара кхийс-кхийсалуш, бодий-бодий тlе а боьдий, ненах бекхара. Юха lахаршца ловзура, вовшашна карраш а детташ, ида а уьдуш, дуккха а вовшах а кхетта, полларчий санна.
Дуьне хаза дара, сийна-баьццара маьлхан дуьне; lахаран дуьне дара хаза, lахар санна, жима а долуш; lахарал а жима дуьне, цхьана ирсах, безамах, синкъерамах дуьзна долу, жима дуьне, горга, lахар санна, хаза дуьне…

2003 ш.

Бексултанов, Муса Эльмурзаевич (1954 шеран 1 июль) — нохчийн яздархо а, прозаик а вина 1954-чу шарахь, товбеца-беттан 1-чу дийнахь Казахийн СССР-н Мендырискан кIоштахь. 1979-чу шарахь цо чекхъяьккхира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологийн факултет. Иза ву Нохчийчоьнан а, Оьрсийчоьнан а (1992-чу шарахь дуьйна) ) яздархойн бертан декъашхо, 2005 шарахь «Литература» совгIат къовсарехь «Дашо бухӀа» совгӀатан лауреат, Нохчийн Республикан Халкъан яздархо (2005 шо).Тахана болхбеш ву "СтелаIад" берийн журналехь коьрта редактор.

КХИН А
XS
SM
MD
LG