ТIекхочийла долу линкаш

ГIийлачу озаца, узамийн гIайгIанца

Бераллин йийсаре йигахьа со, Нана.

Довхачу куьйгашца, цIенчу сатийсамца

Са бIаьрхиш дакъадай, йижае со, Нана.

Жимчохь ма-ларъярра, сан наб а ларъеш,

ГIевланга сирла гIенаш ахь дахка,

Къизаллехь некъ бина сан гIайгIа яйеш,

Декъаза са куогаш хьай кара бахка.

Дешнаш ца къаьстачу узамца елхае

Къаьхьачу баланех йоьттина гIайгIа,

Луьстачу бIаьрхишца безамах Iабае

Хьегамо якъийна йистйоцу гIайра.

БIешеран къизаллех анайист ларъяй,

Узамца хазаниг дийцахьа, Нана,

Къежъелла хьайн месаш йовлакхца хьулъяй,

Ойла сан Iехаяй, яккхахьа пана.

Йигахьа узамийн гIайгIанца генна,

Бераллин йийсаре йигахьа, нана,

Сатийсам баланех хуьйцучохь денна

Озаца йижаяй, яккхахьа пана…

XS
SM
MD
LG