ТIекхочийла долу линкаш

Элдиева Марет. Тховса сан гIовла яц...


Нохчийчоь -- Аргунан чIожехь маьждиг

Нохчийчоь -- Аргунан чIожехь маьждиг

Тховса сан гIовла яц, наб яйна хьийза.

Буьйсано садеIар эсала лахдо…

Делахь а, хетало суна и цIийзаш-

ЧIогIа цуо суо шелъеш… куьйгаш ца дохло….

Лазамо са лаьцна, буьйсане кхойкху со:

«Дийцахьа, сан ваша вижний- те дIа…

Набарха , сагатдеш, хIун ала, боху цо?

Я иэсо, ца хоьцуш, лаьцна-те схьа….

Я, хIордо тулгIешца лерса човхийна,

Бераллех гIан хадош, набарха ваьккхи?

Я, иэсо зиэрашца ойла Iовжийна,

Юха а лазаман кхин цхьа гIулч яьккхи?

Кхолламан халоно тIеIаткъам бина,

Вуьйхи, я вуьйжи – те, ца лайна зовкх,

ГIенаха сан бIаьрхиш Iийдалуш гина ,

Юьхь- дуьхьал хIоьтти –те цхьа Iаьржа дохк?

Сагатдеш соьца хьо елхахьа , буьйса,

Сан вешин наб ларъяй, суна тIетовжа.

Лозучу сан дагна туьха ца туьйсуш,

Хьуо буьйса хиларна, хилахьа говза.»…

Ткъа буьйса-м, къар ца луш, мехаша чехош,

Иэхь дайна, шок етташ, сох кхаьрдаш йоьлу…

Лерса цо Iадийна сайн бIаьрхиш лечкъош,

Буьйсанан цIийзарца со новкъайолу….

Тховса сан гIовла яц. Наб яйна хьийза.

Буьйсано сан хьийзор жимма ца лахло…

Ма чIога хьийзайо-кх буьйсано, цIийзаш….

Ма чIогIа шелъйо со…. Куьйгаш ца дохло….

XS
SM
MD
LG