ТIекхочийла долу линкаш

Элдиева Марет. Iуьйре ма гIийла ю...


Казахстан -- Алакол сатосучу хенахь

Казахстан -- Алакол сатосучу хенахь

Iуьйре ма гIийла ю, – йочане Iуьйре.

Кхузахь а хилла-кха йочано гIелвеш…

Нохчийчохь хир ткъа мажъелла гуьйре,

Меллаша дог дассош, ойла а гIелъеш.

Доьлхур ду, тарделла бIаьрхишха, догIа…

Цхьатерра, цхьа гIийла оьгур ду гIаш.

Цхьанна а хезар дац сан деган цIогIа,

Сан когех хьерчар ду гIайгIанан даш.

Хьерчар ду сох хилларш, шелбелла безам.

Денлур ду сан иэсехь сох дийлла гIалаташ.

Лар йоцуш дIабовр бу сан деган лехам,

БIаьрсино хьоьстур ду безначийн гIаларташ…

Со лийр ю меллаша, гуьйренах хьерчаш… ,

Нохчийчоь сан къина догIанах йоьлхуш.

Денлур бу сан иэсехь ширделла кхерчаш…

Сан безам … гIаргIулийн тийжамах боьлхуш…

Кхетар ю сайн вуоллах, хиллачух, долчух,

БIарзъелла хьаьвзар ю сан аьрха ойла,

Яьхьар яц со саца Iаьнан тIулг болчохь,

ГIаргIулийн тобанца хир дац сан гIойла….

Со йоьна лаьттар ю, денъяларх йоьхна…

Ойла-м сан соцур ю ломарчу юьртахь…

Цигарчу кешнашкахь чурт- тIулг а доьгIна,

Сан кошан барз гур бу ширачу кертахь…..

Iуьйре цхьа гIийла ю – йочане Iуьйре.

Дог лезча хилла-кха йочано гIелвеш…

Нохчийчохь хир ю цхьа мажъелла гуьйре,

Безамах тийжамбеш, ойла а гIелъеш.

XS
SM
MD
LG