ТIекхочийла долу линкаш

Элдиева Марет. Сан деган гIайгIанаш...


Chechnya --Village Tevzana, 2016

Chechnya --Village Tevzana, 2016

Сан деган гIайгIанаш ястанза юсту,

Сан синан баланаш шадца дIакъевлина.

Бераллехь цхьа тогIи сан къина угIу,

Йоьхна ас хьоькху мохь хезаш юй хьо ,нана?

ГIамаран шахьаршкахь со яйна, нана,

Сайн гIенийн йийсарехь цхьалха со еха…

Со юха жима ю – дахар ду хьанал….

ХIинццехь со южур ю – яккхахьа дехьа….

Сий доцуш мел хеттарг лакхене даьлла,

Сийдолуш лардинарг, мах байна, доьжна,

Сица мел къийлинарг нахала даьлла,

Йоьхна со…. Заманан ворда-м дIайоьжна….

Аьрхачу заманна-м башха ца хетта-

Йоьлуш, я йоьлхуш кхойкху со хоьга…

Син мерзаш заманах херделла хеда,

Йист хилий, алахьа дан дезарг соьга….

XS
SM
MD
LG