ТIекхочийла долу линкаш

Элдиева Марет. Тховса сан петарахь готта ду...


Нохчийчоь --ТIамехь йохийна Iилман-талламан институтан хилла гIишло, 2016-гIа шо.

Нохчийчоь --ТIамехь йохийна Iилман-талламан институтан хилла гIишло, 2016-гIа шо.

Тховса сан петарахь готта ду, шийла…

Десачу бIаьргашчохь гIорийна Iийжам…

Буьйса ю корах чу со ларъеш хийра…

ТIаьххьара буй-те хьо, богу сатийсам!?

Ца девза IиндагIаш! Тешамца къуьйсуш,

Дог Iовжо гIерта сан гуьйренан тхишца.

Оьмаран некъаца, ирхонаш юстуш,

Хийла аш йитна со цхьалха бIаьрхишца.

Сайна хIоттийна ас тIулган чурт хийла,

Хийла кечдина сайна синна марчо.

Цабезам, хьагI, гамо лерина хийра,

Дахарах гIиртина сатийсам хьарчо …

Йоьлхуш ас идийна сайн боцу баланаш,

Леррина лардина эшамен гергарло.

Йотта со гIиртина доттагIийн гIаланаш,

Йовзуьйтуш шайгара цара ледарло…

Некъ хедаш хийла со бердах чуйоьжна,

Мохь ала аз доцуш йисна со хийла...

Тховса со юха а ойланах йоьхна,

Буьйса, хьо соьга ма хьежахьа гIийла.

Хийлазза човхий ахь, елхий со хийла.

Хийлазза хIаллакйи сан маьрша ойла.

Хийлазза еа хьо, сан буьйса, шийла…

Хийлазза яйи ахь дуьнентIехь Iойла…

Къера мел хили а, хуьлуш хьо дера,

Яха мел лаарх а, юьллуш со элдар тIе…

Дера мел хили а, хуьлуш хьо къера,

Яга мел лаарх а, дIайойуш сирла цIе…

XS
SM
MD
LG