ТIекхочийла долу линкаш

Элдиева Марет. Луо догIу...


Украина, ГIирма -- Ло догIу Симферополехь дечкен-беттан 5-гIа де, 2015

Украина, ГIирма -- Ло догIу Симферополехь дечкен-беттан 5-гIа де, 2015

Луо догIу… Тапъаьлла дахар дIатийна…

Хьийзайо гуобохуш ойланийн зIенаша.

Цхьалхачу хIусамехь гIийла чиркх латийна,

Йийсаре йиги со гундоцчу гIенаша.

Вайшинна юкъахь ду адамаш, гIаланаш,

Луо догIун кIайн буьйса, синош шех хьиэгаш,

Вайшимма лайна… я ца лайна баланаш

Лечкъийна… дилхина бIаьрхиш а лиэдаш…

Вайшинна юкъахь ю къайленийн гIайгIа,

Ца елхош… елхийна безамах ойла,

БIаьстенан зазанех ас тегна гIайба

Хьуна луш ларамза йохийна гIовла…

Вайх дийлла, ца дийлла дицдина гIалаташ,

Эхь хетта хьулдина, дийцина дагара,

Даккхийдеш я кхаьрдаш юххера гIаларташ..

Кхойкхуш я ца кхойкхуш … аз а сан багара.

Вайшинна юкъахь ю лазаман йозалла,

Ас-хьуна, ахь суна кхоьллина туьйра.

Тховса ас вайшиннах дийра ду дозалла,

Юьйцур ю вайн хилла… ца хилла уьйраш.

Луо догIу кIайн буьйса тховса вайн ю хьуна…

Сан чиркхо хьан чиркхе белхор бу бала…

Лайн чимаш … цигара совгIатна суна..

Царах ас юха а юттур ю гIала…

Луо догIу… дIахьулдеш шадоллу дахар.

Лайн чимаш оьмаро сихдина хьийза.

Чиркх богу къагийна вайн йоцу шахьар…

Ойла а садууш есаллехь хьийза…

Луо догIу… лайн чимех дIаийна мIаьрго…

Дуьненан йистера сан чиркхан серло

Етталуш ян гIерта вайн цхьаллин терго…

Амма и юха а шелонна … къарло.

Луо догIу… тапъаьлла дахар дIатийна….

XS
SM
MD
LG