ТIекхочийла долу линкаш

Брюсселехь нах байинчех кхоъ билгалваьлла


Белгино кхаа денна кадам кхайкхийна шен коьртачу шахьарахь Брюсселехь, 34 стаг а вуьйш, 200 сов лаза а веш, терроран тохарш дарца доьзна. Завентем аэропортехь а, метрон шина станцехь а лелхийтарш динарш «Исламан пачхьалкх» шайх олучу тобанца зIе йолу нах хилла лору.

Яьхна цIерш ю эл-Бакроуи Халид а, БрахIим а – вежарий. Уьш бу, боху низамхоша, аэропортехь шаьш-шайца дуккха адамийн синош а хьош, лилхинарш. RTBF-телекомпанино хаамбо и ши стаг полицина вевзаш хилла хьалха дуьйна а, бохуш. Цаьрца хилла кхоалгIаниг – Лаачроуи Нажим – лохуш ву Iедало.

Эл-Бакроуи вежарех цхьамма шен йоцчу цIарца петар лаьцна хилла Брюсселехь – оцу петара бахча вийра полицино дахначу кIиранах шена герзаца дуьхьало йина стаг. Оцу операцехь карийнера низамхошна кхо бутт сов хьалха Парижехь талораш деш дакъалаьцначу Абдесалам Салахьан куьйгийн ларш. Иза лаьцна ву, амма хьалха Брюсселерчу петара кхочуш а хилла иза, боху полицино.

XS
SM
MD
LG