ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс Украина бехкейина, цуьнна доьналла ца тоьа, Минскехь бинчу бертаца ма-доггIу, герзаш совцо, аьлла. Донбассера конфликт хIинца а машарца йирзина яцарна Киев бехке ю, аьлла Лавровс Москох веъначу Германин дипломатин лидерца Штайнмайер Франк-Вальтерца къамелдеш.

Стохка Iай Минскехь шаьшлахь кхайкхийна машар цхьана декъанна ларбо Донбассерчу оьрсийн сепаратисташа а, Украинан эскарша а, амма лаьтта юкъ-кара герзан тата а. ТIом юха а баржале сацо деза кхийссарш, кхайкхина агIонаш машаре Штайнмайера.

Иштта, цо Лавровга аьлла, ша догдоху Оьрсийчоьно 22 шарна набахте хьажийначу Украинан яхархочунна Савченко Надеждина къинхетам баре.

XS
SM
MD
LG