ТIекхочийла долу линкаш

Кху Зазадоккху-беттан беттан 23-чу дийнахь Iуьйра ламазан хан тIе кхаьчхьана а гIевттина когаш тIехь бу Соьлжа гIалина генахь лаьмнашкахь а, Теркаца а Iохкучу ярташкара бахархой. Официалан кхайкхийна бахьана- Нохчийчохь референдум дIаехьначу дийнан сий-лерамна коьртачу шахьрахь вовшахтоьхна мехкан гулам.

Ма-дарра аьлча, буьйса юкъал тIех а яьлла, 3 сахьт даьлчахьана а, гуш чаккхе а йоцуш,микроавтобусаш юьйлаелла махка чуэха ДегIатанара а, ГIебартойн-Балкхарой а, ХIирийн мехкашкара а, ГIалгIайчуьра а. ТIаьхьо билгал ма даллара уьш Iедалхоша нах гIала дIаоза гоьнна ялийна мешенаш хилла.

Ала дашна царех цхьаерш иттаннашкахь,Iуьйранна исс сахьт а далале,яьсса юха дIа а ихна. Гинчара дийцарехь Iедалдайшна ма моттара адам ара цадалар бахьнехь болх боцуш йисна хилла лула мехкашкара ялийна цхьайолу транспорт. Са а тасале уьш чуялош гинчех цхьаъ ву Новр кIоштера Ибрагимов Мовлад.

Кху зазанан бетта 23-чу дийнан Iуьйранна 5-6 сахьт даьлчахьана бIеннашкахь,гуш чаккхе йоцу тIийриг а йина, Соьлжа гIала дIаоьхучу машенех буьзна лаьттина кIошташкара некъаш.

Цу «кочар» юкъахь, юьртден лаамца, цуьнга «хIан-хIа» ца ала, гуламе кхаьчначех,амма дукха хье ца луш цигара «веддачех» ву Шелковск кIоштера совдегар,туькана долахо Исмаилов Зеламха. Цо дуьйцу.

Зеламха: « Сайн накъосташца со а вахнера. Валлай адам дукха а ма дара. ДIакхевччул тIаьхьа полисхоша бинчу го юкъара ара ца довлуьйтуш,хьеделира тхо. Адам дукха дара. Шайн лаамехь баьхкина хеталора яххьашка хьаьжча.Делахь а бертаза баьхкинарш а бара дукха. Адам дIа доьллла цу а .кхечу гуламех…»

Гулам хьокъехь къамел динчу йохкаэцархочо Зенламхас ма-аллара, бакълена а адам доьлла Iедалехь болчара «же, ма Iелаш, гIовтталаш!» аларций,цхьана йиллинчу мете дIагулдарх. Цхьа могIарера,кест-кеста тергаллучу хиламех санна дуьйцу цуьнан хьокъехь могIарерчу наха.

Соьлж-гIала бахархой дIаоьзначу дийнахь наггахь бен гуш-хаалуш машен а йоцуш, кхин дIоггара дIасалелаш гуш хьалха санна нах а боцуш,делкъе хиллалц цхьа тамаше «яссаелла» лаьттина кхузахь ярташ дуьйцу Ножай юьртан кIоштерчу Якъуба.

Якъуб: « Цхьа цIеххьана къора а тухуш,догIа деъначу хенахь хьуьнхахь, гIаш охьаэгна дассаделла диттийн генаш гиний хьуна? Цу кепара яссаелла гора-кх ярташ. Наггахь бен адам а ца хаалора,машенаш а яцара хIинццалц санна аьттехьа а. Оцул адам гуламе ца дахний –м хаьара сунна.

Накъост волчу вахча жоп карийра сунна. Со машенахь ша волчу дIакхаьчча цо боху-кх: « Шу гIалахь гуламехь стенна дац аьлла,коча бахкарна кхоьруш,тхом чуьра арадовла хIуьттуш а мА дац,ткъа хьо машен хоьхкуш лелаш ма ву»,- боху-кх . Бакъдерг дийцича адам да-ам ду ладегIамехь».

Нохчийчуьрчу бахархоша а, махкал арахьа бехачу вайнаха а сов дика кхетадо шаьш а, шайн гергарниш а,урхаллехь болчеран аьллар-лаамца гуламашка лестаран бахьанаш.

23-чу дийнахь дIабехьначу гуламах аьлча,Iедалдайша кхеторехь референдум тIеэцна,зазанан беттан 23-гIа де,дицдан амал доцуш, вайнехан дагалецамехь Iаламат мехала, нохчийн къам ирсечу,маьршачу дахаре кхачийна дезде санна дуьсур долуш ду гуттаренна а.

XS
SM
MD
LG