ТIекхочийла долу линкаш

Мамакаев Мохьмад. Хазачу йоьIан тIулг.


Нохчийчоь-- Соьлж-ГIала, заздоккху-беттан 8-гIа де, 2016

Нохчийчоь-- Соьлж-ГIала, заздоккху-беттан 8-гIа де, 2016

Хазачу йоьIан тIулг

Мамакаев Мохьмад

Тхойшиннан говраш йоргIа эцна йоьлхуш яра.ТIаьхьаюьсуш, кIунзал баьла корта санна, буц йоцуш гIамарин таммагIанашца бIаьрго схьа ма лоццу еса аре яра. Цкъа а дIакхочур вуй-те аьлла, дIахьаьжча йист йист ца гуш изза аре хьалха а яра. Сан накъост, урс хьаькхча иккхина хIума санна, готто беха ши бIаьрг а болуш, Iаьржачу аматахь къона стаг вара. Иза Илесан Iимран вара. Шен сира-Iожа говр юха а оьзна, Iимрана хаьттира:

- Муха хетта хьуна тхан аренаш, хаза юй?- аьлла, шеен йоккхачу юьхьца вела а къежна, гондхьа бIаьрг туьйхира цо.

- Хаза ю, делахь а гIа-буц кIеззиг ю-кх кхузахь, IиндагI а дац, бIаьргашна гуш цхьанхьа агIишло а яц, -элира ас, айса и муха олу а ца хууш.

- ГIа-буц яц бохург хIун ду? ДIахьажал!- аьлла, шеен шовдан кхожаца малхо макхъеш ягийна кондаршший, аренан кIохцалшший гайтира Iимрана, леррина арене шеен хьажар духа сунна тIе а дерзош.

- Шу Iемина даккхийчу диттйн IиндагIашкахь Iен, кемсийн таьллангаш кIел садеIа, тхуна –м ю хIара аренаш хаза а, ненан дукха езаш а, эшначохь дагна IиндагI долуш а.

Деа дагахь йилбазалла доцуш, айса аьлларг сайн накъостана чIогIа халахеттийла хиира сунна, цундела:

-Iеминарг, дезаш дагах доьлларг, бIаьрго безамца лехнарг муьлххачунна а хаза ду. Шуна беза хIара мохк, дайх бисна шайн болу дела, тхуна а беза тхешаниг, -элира ас.

- Иза а бакъ ду, - элира Iимрана, вуха а соьгахьа а вирзина, - дуьне хIоьттичхьана схьайогIуш адаман амал ма ю и.

Юха тхойшиннан говраш йоргIахь йоьлхуш яра.

Генна хьалхахь дежаш жа гучуделира.

Тхойшиъ тIе а кхачале, леташ даккхий жен жIаьлеш даьхкира дуьхьал.

-ДIадовла, йовсарш!- аьлла, шен беха коьжалг а айина дIачовхийра къеначу жаIуьно жIаьлеш.

-Ассалам Iалайкум! Де дика хуьлад хьан, воккха стаг!

- Ва Iалайкум салам! Марша догIийла шу!- аьлла, тхойшинна роггIехь куьйгаш лецира, малхой, мохой дахчийна, Iаьржа, замано хершнаш тийсина декъано юьхь-сибат а долуш, лекхачу дегIахь, хана кхузткъа шо хир долуш волчу къеначу стага.

- ХIра ву-кх хьуна вуьйцуш хезнагIараваьлла жаIу Аслан! Тхан кхиамаш тIехь кIеззиг меттиг яьккхина-м вац хьуна хIара, -ша хестор ца дезаш велахь а, элира Iимрана, вела а къежна.

- И мА дийцахьа, Iимран, массара а бо дика болх. Ас динарг-м доккха хIума дацара, сайн къеналлина кIел саца ца лууш лела-кха-аьлла, куьг ластийра жаIуьно.

- Ас-м бакъдерг боху, Аслан-ата, кхечара динчуьнца а ду хьан алсам дакъа, ахь гойтуш, хьоьхуш цара иза дина дела.

- Ас и ца динехь а, со хестош бен хьо Iийра-м вацара, -аьлла, вела а къежна, дIадерзийра къеначу стага къамел.

- Кху аренийн а, тхан совхозан а гIуллакхаш Асланна дика хаьа хьуна. Кхуо дуьйцур ду хьуна мел дезарг а, -аьлла, тхойшиннан Iодика а йина, тIахъаьлла говра хиира Iимран.

Кхоссаеллачу говро цхьа иттех гIулч яьккхича, иза юха а озош, тхойшингахьа схьа а вирзина:

-Аслан-ата! Акхболте а, кхечаьрга а суьйранна хьо волчу гулло алал, сарахь вогIур ву, вайн дан къамелаш ду, -элира Iимрана.

- Мегар ду! – аьлла, корта таIийра къеначу жаIуьно.

- ДIахьажал цуьнга, муха хетта хьуна и бере?- аьлла воккхавеш соьга хаьттира Аслана, чехка йоьдучу говрахь боьгIна хьостам санна, Iачу Iимране а хьаьжна. – Партин стаг ву хьуна иза. Массо а хIума хаа лууш, массанхьа а кхочуш, халаниг уггар хьалха шена тIеоьцуш и дан гIерташ стаг ву Iимран. Со хIунда лела моьтту хьуна кхузахула? И ву хьуна со айвинарг а.

- ТIам тIехь цхьаъ бен воцу кIант а вийна, бер карахь нус а юьсуш, сайн йоккхачу стагца , суо воцург хи белхало а воцуш, висира со. Цхьана сарахь ван а веана: «муха веха хьо? ХIун хьал ду хьоьгахь?», - аьлла, хеттарш а дина и дIавахана кхо-диъ де а далале бераца йисинчу несана а, суна а пенсеш хIиттийра, тхан хIусам тояйтира, шурина етт кхио нисделла шинара делира суна. Ткъа, иштта Iалашвеш хилча, муха Iийр ву хIуммаъ ца деш чохь, аьлла , Iимрана шен ах къоналла суна схьаелча санна, къонвелла араваьлла –м дера ву хьуна со, -аьлла , Iимран хастийра къеначу жаIуьно.

Начало формы

Начало формы

.
Де делкьал тIаьхьенга даьлла. арахь ч!огIа йовха яра
Бовхачу малхой, мохой якънйна rla-буц гурахь чудерзийичу гIодмийн баса яхнера. xlerre а дIахьаьжча 6Iаьрг на кхуьуш паргIатчу арахь сов хаза дара. ГIийла хьоькхучу мохо арарчу зезагийн, бецийн, . дагана там беш йолу, цIена хьожа яхьара. ДIо генна мархаш тIехьахула охьаяьккхина маьлхан з!аьнарш, дато х!орд санна, perIа басахь ловзуш лаьттара.


— XI ара а яьлла xloнc лаха ара, -— элира Аслана, реза воцуш стигла а хьаьжна.


Къеггина цIенчу стигалхула йоьдуш таьIIина боьмашчу 6асахь «йоккха дарта яра.

Кху арарчу олхазаршна юккьехь yrrapе а йоккханиг иза. Дарта атта еззар ю, цо шина метре кхоччуш дIа-схьа тесначу т!емех а, цуьнан парг!ат леларх а.


— Кху-a-кx. кху-а-кх! — боху, къоро хезаш бара цо хьоькху мохь. Иза шен дайх йисина аренаш ма хетта талла араяьлла, эра дара дарта гинчо.


— Йистехьо шена карийча, Iaxap-м чIешалг санна хьалаоьцуш-м ю хьуна иза. — элира Аслана, дарта генна яьлча.


Тапьаьлла тийначу арахь, наггахь жах къаьстина юьстахбаьллачу yьcrarlaн Iехаррий, когех баргол тоьхначу сан говран терсар бен хезаш хIума а дацара.


— Дийцахьа сунна, Аслан, я хьайх, я балхах лаций хьайна хазахеташ дерг.
— Ас х!ун дуьйнур ду, сан к!ант! Болх оха муха бо хьуна хьайна а хаьа, caн вахар хьуна гучу кху арахь дIадахана. Диканиг берахь кIеззигг гина суна: кьона волуш хьоладас вацийра, хIинца, хаза зама тIееача, къанвелла. Амма къанвелларг а лаамца къонлуш, гIуллакх дан дог догIуш, хаза зама ю xlapa. Цунах синтем хилла лела-кх, элира Аслана, соьгахьа а вирзина.


Иштта кьамел деш веаана цхьана гу rle кхечира гхойшиъ.


— Охьахаа, — аьлла, соьгахьа г!аж а тесна, меллаша охьахиира Аслан.
— Хьоьга ма-хьаьжжинехь хуур ду хьо кхузара воцийла.
- ХIунда боху ахь?
- Дера боху хьо оцу т!улга т!е хаарна, кхуззра стаг цу т!улга тIе ца хуу' дела.


Со муха гIотту а цa хууш хьала а гIаьттина. сайн гонаха дIаca- хьаьжира со, суна хьалха Iуьллуш бара, ах лаьттах а бахана, замано а, йочанаша а макхбина боккха тIулг.
Воккхачу стага лерина цкъа соьга, тIаккха тIулге а хьаьжна:
— Хазчу йоьIан тIулг олу кхунах, — элира.
— Дийиахьа, х!унда олу кхунах хазчу йоь!ан т!улг? .
— Дукха хан ю иза хилла. цхьанне а бохург санна дага дагIац и маца, муха хилла, амма кхузарчу массарна а хаьа къечу Жамболтан йоI ПетIамат гуьнахь доцуш х!аллакъярх лаьцна долу дийцар, — аьлла, долийра къеначу стага, шен оьзна яьлла луьлда rloнах тоьхна цIан а еш.
— Ткъа муха дара иза? Дийцахьа.
Кьеначу стага днйцира:
- ПетIматана веза а везаш, цунна тIехьийзаш цуьнан юьртара иза ша санна къучу Аьстин кIант Абубакар вара.
- Ма гIолахь, Абубакар, юьртах ма валалахь, даго диканиг цa хьоьху суна вайша вовшахдаларх, — бохуш, ПетIамат йоьлххушехь, шен къоьлла ядийна кIеззиг рицкъ лаха юьртах ваьлло Абубакар.
«Декьазчунна ден цlepa а йогIу», — бохург санна, цу хенахь ПетIаматах 6Iаьрг кхетта хиллера оцу юьртарчу цхьана хьоладен кIентан— Оралбайн. Цо къеначу Жамболтана тIе шеен ялхо вахийтина хиллера, ПетIамат маре яийта шега, аьлла. Воьхна, ша хIун дийр ду ца хууш висинчу дас йоIе и дIахаийтина бохуш дуьйцу. ЙоIа дуьхьало йина боху, гIур яц ша цуьнга аьлла.


ТIаккха оьгIазваханчу Оралбайс нуьцкьах и ялае аьлла, шен ялхой арабаьхна.


Шена ца везачу стаге йоьдучул, яла; резахилла ПIетмат, цхьанхьара а дала орца доцуш ша кIелйисча, шийла дарц хьоькхучу буса, чуьра ара а иккхииа, юьртах яьлла дIаяхна.
Кьеначу стага, корта охьа а бахийтина, цхьана минотехь ойла йира. Таккха лерина тlyлге а хьаьжна, дIадийцира жаIуьно
Цу буса араваьлла шина-кхаа днйнахь дас лехарчх ца карийна, бохуш дуьйцу ПетIмат.
Ши-кхо бутт баьллачул тIаьхьа цIа веанчу Абубакарна цIахь ца карийна шен хьоме ПетIамат.

Де--буьйса ца лорущ, массо а маьIIе кхочуш, хIокху дуьненахь лехна боху, цо иза. Кхин и кара а ца йина, дикка хан яьллачул тIаьхьа, хIокху арахула схьавогIуш кху гу тIе охьахиъна, бохуш дуьйцу, Абубакар.
Ойлано бIарзвина, цIеххьаиа дIахьаьжча, кштта лахахь Iуьлуш цхьа кIайн хIума гина цунна. TIе а вахана, хьаьжча, иза хилла адаман коьртан туьта. И туьта а эцна, юха кху гу тIе ваьлла, гIайгIане воьжна охьахиинчу Абубакарна шена хьалха Iуьллуш ятIийна, яьккхнна цхьа кIадинан кийсак карийна. Шен бIаьрг ма- кхийтти хиьна цунна и кийсак ПетIаматан кучах юйла.
Кхо дей, кхо буьйсий Абубакара даьккхина, — бохуш дуьйиу, гIайгIанс воьжна, воьлхуш. кху гу тIера меттах ца волуш. ПIетIамат кху гу тIехь берзалоша йийна хилар а сацийна, кхаа дийнахь, кхаа бусий новкъа а вахана шен белшаш тIехь генара схьа а беана, шена езаш хиллачу ПетIаматан безамна цу Абубакара биллина, боху. xlapa тIулг, — аьлла, сецира Аслан.
Со леррнна хьаьжира тIулге. Цхьана стаге хьалаайбалур бу ала хала долуш боккха бара тIулг. Тапъаьлла шен дийцар саца а дина, къена стаг а хьаьжира, со санна, леррина тIулге.
— ЛадогIал, хезий хьуна? — аьлла хаьттира цо соьга, тохар санна. тIулга тIера бIаьрг дIа ца тилабеш... Цо ден кьамел хезий хьуна? — аьлла, духа а хаьттира Аслана, цхьа тамашийна сан бIаьра а хьаьжна.
Ахь цIеххьана ладоьгIча, хета а лора, оцу тIулго узам беш.
Узам беш берг тIулг бацара. И тийна узам беш ерг мохо ловзо товн буц яра, шен шийлачу тIулгашца, готтачу бердашца къуьйсуш, дIо генахь дека хиш дара, бовхачу малхаца къийсалуш лаьтта башлаьнаш дара.
— Шен даго тIе ца оьцучуниа кIсл а сецна гуора хIуттучул, валар гIоле ю, боху хьуна цо, — аьлла шен дийцар тIе чIагIдира кьеначу стага, вуха а леррнна соьга а хьаьжна, ойла йича, ца ваьлла со а тийшира тIулго и боху Аслана аьлча.


Мамакаев Мохьмад ­ - нохчийн яздархо а, поэт а вара. Иза вина 1910--шеран шеран гIуран-беттан 16-чу дийнахь ТIехьа-Мартанехь. Цо чекхъяьккхира Малхбале къинхьегамхойн Коммунистан университет а, Лаккхара литературан курсаш а Москох.1931-чу шарахь иза хIоьттира “Грозненский рабочий” газетан редакторан когаметтаниг. 1937-чу шарахь иза чувоьллира Соьлж-ГIаларчу набахте. Жимма хан яьлча, арахийцира, ткъа 1940-чу шарахь иза юха а чувоьллира Элистахь волчу хенахь. 1956-гIа шо тIекхаччалц иза Гулагехь вара. Халачу хьелашкахь волушшехь, кхоллараллан болх дIа ца тесира цо Гулагехь. 1955 – 1958 шерашкахь Алма-Атахь нохчийн маттахь арадолуш хиллачу «Къинхьегаман байракх» газета агIонаш тIехь зорбатоьхна Мамакаев Мохьмадан Iилбаседехь язйина цхьайолу стихаш. Даймахка цIавирзинчул тIаьхьа, Мамакаев Мохьмада 1962 шарахь дуьйна шен дахаран тIаьххьара де тIекхаччалц "Орга" альманахан редакторан болх бина. Мамакаев Мохьмад дахаран некъ хедира 1973 шеран марсхьокху-беттан 17-чу дийнахь.

КХИН А
XS
SM
MD
LG