ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Балканашкахь лаьттинчу геноцидна кхел еш ю ХIаага


ХIаагерчу дуьненаюкъарчу бехктакхаман трибунало кхайкхо болийна Боснерчу сербийн лидеран Караджич Радованан девнах сацам. Иза бехкево геноцид яржорна, адамаллина дуьхьал зуламаш дарна, Женевехь конвенцица тIеэцначу тIеман низамаш талхорна. Маршо Радион корреспонденто ма-хаийттара, Караджич коьртехь а волуш, Сараевохь а, Сребреницехь а вуно дукха бусалбанаш байарна. 2

1 шо хьалха Сребреница гIалахь вийра, масала, 8 эзар гергга стаг, царалахь дара бераш а, къаной а. Югослави пачхьалкх Балканашкахь йолчу заманахь динчу зуламехь долу девнаш теллина йолу дуьненаюкъара трибунал тIедогIучу шарахь.

Кху баттахь чекхдевр ду ладегIарш сербхочунна-националистна Шешел Воиславан а, инарлан Младич Раткон а. Талламчаша бIе сов геноцидан инцидентах тоьшаллаш гулдина. ХIинца дов доьрзучу Караджич Радованна прокурора дехна иза даиманенна набахте дIахьажор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG