ТIекхочийла долу линкаш

ХIинца шена Парижехь кхел яр доьху коьртачу террорхочо


Парижехь биъ бутт хьалха талораш динчийн декъахь хиларх шеко йолуш лаьцна волу Iабдесалам Салахь реза ву ма-хуьллу сиха ша Францин каравалийта, боху цуьнан адвокато Мари Свена. Цигахь иза дагахь ву, цуьнан дешнашца бахарехь, «дерриг а охьадилла». Iабдесаламна юьхьанца ца лаьара ша Францин низамхойн каравалийта, ткъа хIинца Брюсселехь лехийтарш динчул тIаьхьа цо шен позици хийцина, боху адвокато.

КIира хьалха Брюсселехь лецира Iабдесалам Салахь. Парижехь 130 а, Брюсселехь 34 стаг а вуьйш дина лелхийтарш шена тIеэцна «Исламан пачхьалкх» олучу тобано.

XS
SM
MD
LG