ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра школаш селхана а, тахана а


Селханенца дуьстича, тахана гIиллакх берашкахь а кIезиг ду аьлла хета хьехархошна.

Линкана тIе

ТIехула бIаьрг кхарстийча хаалуш хIума а доцуш,жима а ахкаме ваьлча баккхий хийцамаш хаало ишколашкахь а,лакхарчу дошийлашкахь а. Кху тIаьхьарчу 20-30 шерашкахь замано вуно чIогIа тIеIаткъам бина лору цхьаболчу говзачаша йоза-дешар Iаморехь берашна а, уьш кхетош-кхиорехь дай-наношна а.

И хийцамаш къаьсттина дика го къона болуш дуьйна хьехарххочун болх каралаьцна,цу балха тIехь бахчалуш хене бевллачу бахархошна. Иштачех ю Теркйист кIоштера Азман. Мел башхалла го хьуна бераша Iилма Iаморехь хьалха а,хIинца а? Цу хаттарна тIера доладелира цуьнан къамел.

Азман: « Цу хенахь болх бан а атта дара. Бераша лан а дугIура,ийман чохь а дара. Дас-нанас гIо а дора,дов дарх а хIума ца олура. Мелхо а хьуна накъасталла дора. ХIинца оцу берел хала ду да-нана. Царна жима хIума аьлчи а ца мега. Ахь сан бер хIунда човхийна олий схьахIуьтту.

Хьалха санна берашна деша а ца лаьа,хIора урок дIа мосазза ели а шортта духкуш ахча а ду. Урокан бала болуш а ца хуьлу. Цу хенахь зудабераш а дара шатайпа лераме а.гIиллакхе а,совнаха хIума а доцуш. ХIинца ахь бехк боккхуш хIума аьлча тур доккхий йогIу нана.»Сан цхьаъ бен йоI яц ас цунна хIумма а кхоа ца до». Ишта къамелаш хазадо».

Ткъе итт шо хьалха дешархой къахьегарна тIера бара,шайн ницкъах бIо булуш берш а алсам бара,бохуш долийра шен къамел шовзткъа шарахь сов берийн хаарш шордеш схьаеъначу Шелан кIоштерчу Хадишата. Тахана вайнехан бераш дешарна мела а юхадовлар,хьалха санна баккхийчаьрца лераме цахилар а цхьана агIор ненан маттах хербалаца а дузу цо.

Хадишат: « Хьалха бераш тIера бара къахьегарна. ХIинца бераш атта дезаш бу,шайн метта экзаменаш а баккхийчара дIаяла еза моьттурш а бу. Цу хенахь берана тоьхча а хIумма а дац олура дай-наноша. Айхьа боххург дайталахь олура. ХIинца беро а.дай-наноша а хьо яхьахь тохал олу-кх. Олу царна тоха кечвелла стагга а воццушехь.

Цу хенахь хьехархо нана а.да а долуш санна,беран терго еш хIума дара хIинца и бераш дай-наноша эвхьаза даьхна-кх. Нохчийн меттан кIорге,дешан дозалла цахаарца а дузу ас-м и цхьайолу ледарлонаш йийлар а….»

Нохчийн мотт дика хууш хилча, гIиллакхаш,Iадаташ довзар а берийн лакхара хир дара,тIаккха и цхьайолу ледарлонаш цаьргара ца йийла а тарлора аьлла хьажам болчех ю соьца къамел деш йолу хьехархо Хадишат.

Ала дагалаьцнарг,ойла дIакхачо а гIерташ,хаза мотт бийцар бахьнехь,ши дешархо урокера ара а воккхуш,хьехархочун а.дешархой а ирьелла юкъаметтига ша маслаIате дIаерзаярх дийцира Хадишата кхин дIа а.

Бераша тахана ишколашкахь йоза-дешар Iамор,церан хаарш шордан,Iилма карадерзо лаам-Iалашонаш гIийла,беркъа хилар, тайп-тайпана кхетадо оццу хьехархоша а,Iилманчаша а. Цара кхеторехь цхьана готтачу говзанчийн гонехь а доцуш, шуьйрачу маьIнехь,дикачу маьIнехь тIеIаткъам бан тарло Iедалхой а юкъа а озийна, дийцаре дан догIу ишколех мел дозаделла хеттарш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG