ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоь герз алсамдоккхуш ю Курилашкахь


ТIаьххьарчу заманахь кхоьллина, керла герз Тийначу океанан йистехь даржадеш ю ша, аьлла Оьрсийчоьно. Генарчу Малхбалера Курилаш Японица къовсамехь лаьтташ хиларца доьзна узуш ду цига кеманашна, ракеташна дуьхьало ен турс-герзаш.

«Бастион» олу ракетийн комплексаш а, чохь лелош стагга а воцу «Элерон-3» кегий-кеманаш а ду, цхьана декъанна Курилы гергаоьзна» - аьлла Оьрсийчоьнан тIеман министро Шойгу Сергейс пIераскана. Цо бахарехь, оцу меттигашкахь тIеман хIорда база дIахIоттор дийцаредилла дагахь ву иза.

Ткъа Оьрсийчоьнан малхбузенехь лаьтта эскарш, гIирс бузур бу керлачу цхьа эзар бIе кеманашца, беракеманашца, кхиболчу гIирсашца, аьлла Шойгус.

XS
SM
MD
LG