ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Палмира йоккхуш ду Иракъан эскарш


Шемин пачхьалкхан хаамийн гIирсаша дийцарехь, Iедалан эскарийн аьтто балла «Исламан пачхьалкх» олучу тобанашкара Палмира гIалин алссам дакъа шайн караэца. Асад Башаран Телевизионо тоьшалла до, эскаршна гIодеш, ракеташ, бомбанаш етташ Оьрсийчоьнан тIеман кеманаш а хьийзаш хиларх. Риман Имперера дуьйна схьа адаман иэсехь ехачу Палмирехь ширачу заманара хIолламаш лаьттара и гIала жихIадхойн долаерззалц. Цара хIолламех дукхахберш бохийна гIала лаьцна шаьш Iачу юкъанна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG