ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказ дахначу кIиранах


ТIаьххьара денош вуно «комаьрша» дара Кавказехь бен-берсачу хиламашна.

ДIадахначу кIиранахь тайп-тайпана, могIарерчу адамийн, политологийн, тергамчийн тидам тIе а берзош, хиламаш хилира Кавказехь.

Кадыров Рамзан ханна мехкан куьйгаллехь витар.

Ростов шахьаран кхело украинхойн эскархо бехке хилар тIечIагIдеш, тIаьххьара хилла кхел.

Ростоврчу Къилбаседа Кавказан тIеман кхело валлалц набахтехь кхаба сацамбар ХIинжа-ГIалин мэр лаьттина Амиров СаIид.

Дагестанерчу ХIинжа-ГIаларчу берийн интернатехь куьйгалхоша а, хьехархоша а берана тIехь ницкълаттор.

Буьззина а боцу керланийн могIа бу иза.

Кадыров Рамзан ханна даржехь витар.

Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира «Кадыров Рамзана нохчашна тIаьххьарчу хенахь дина диканаш, Оьрсийчоьнна а пайде хилар юьхьар а эцна, иза ханна Нохчийчоьнан урхаллехь вуьтуш сацам тIеэцна”.

Зорбанехь шуьйрра дийцаредора политологаша, тIаьххьарчу хенахь Кадыровс а, цуьнан гоно а латтийна скандалаш бахьанехь, Кремло иза даржах мукъаваккха там бу бохуш.

Амма карабогIучу беттан 5-чу дийнахь хан чекхйолу мехкан куьйгалхо даржехь вити, тергамчийн прогноз харцъеш.Тидаме ца ийци, журналисташна, бакъоларъярхошна дина тIелетарш, оппозицина тийсина кхерамаш а.

Путинан Кадыровца хиллачу къамелехь цхьанне а кепара дегайовхо ца хааелира Оьрсийчоьнан бакъоларъярхойн юкъараллийн векалшна, Нохчийчоьнан куьйгалхо хуьйцур хирг хиларан.

КхидIа йолчу ханна Кадыров даржехь чIагIваро, досту цуьнан куьйгаш, шена луъург дан а, ала а, цуьнан аьтто бу шен режим чIагIъян, аьлла жоьпаш делира «Кавказан узел» агенталлан хаттамехь дакъалаьцначу бакъоларъярхоша Орлов Олега, Ганнушкина Светланас, Борщев Валерийс.

Ростов кIоштарчу кхело Савченко Надежда бехкееш бина сацам.

Ростоврчу Донецк гIалин кхело Зазадоккху-беттан 22 –чу дийнахь ерзйира украинахойн эскархочунна Савченко Надеждина тIехь ен кхел.

Иза бехкейина оьрсийн ши журналист верна а, бакъойоцуш Оьрсийчоьнан доза хадорна а.Набахтехь даккха 22 шо а кхайкхош, 30 000 соьмана гIуда а кхайкхош йирзина кхел.

Савченкон адвокаташна хетарехь, кхелан сацам коьрта а бац, хIунда аьлча, Савченкон гIуллакх политикаца доьзна ду.

Бакъонашларъяран «Мемориал» юкъаралло Савченко Надежда политикан тутмакх лору.

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн департаментан пресс-секретара Кирби Джона кхелан сацам харц бу аьлла дIахьедина, Минскехь бинчу бертаца бIостанехьа а болуш.

Амиров СаIидана тоьхна хан юьту хийцам боцуш.

Оьрсийчоьнан Лаккхарчу кхело дахначу кIиранах листира ХIинжа-ГIалин мэр лаьттинчу Амиров СаьIидан гергарчара а, цуьнан адвокаташа а хьалхо бинчу кхелан сацамна резацахиларца чуелла аппеляци.

Амиров бехкево теракт кечъярна а, шен политикан конкуренташ байъа Iалашо кхабарна а. Цул совнаха, 20I11-чу шарахь Оьрсийчоьнан Талламан комитетан ХIинжа-гIалара белхахо Гаджибеков Арсен верна а бехке лору иза.

Кхело шен сацамца валлалц набахтехь яккха хан кхайкхийнера Амиров СаьIидна. И сацам аппеляци листинчул тIаьхьа а хийцам боцуш битина.

Карарчу хенахь, кхелана дуьхьал рогIера къийсаман гIулч яккха лерина бу Амировн адвокаташ. Уьш дагахь бу Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхелан президиуме а, Европан кхеле а аьрзнаш дан, бохуш дIахьедо адвокатийн тобанан куьйгалхочо Постанюк Владимира.

ХIинжа-ГIаларчу берийн интернатехь зуламаш

Дагестанехь бехктакхаме гIуллакх айдина берийн интернатан белхахошна, интернетехь берашна тIехь лелийна къизаллаш Iораевллачул тIаьхьа.

Дахначу кхаарийдийнахь Оьрсийчоьнан Талламан комитето бехктакхаме гIуллакх даьккхина ХIинжа-ГIаларчу «Терго» цIе йолчу уьнах цIена доцчу берийн цIийнехь шайх тешийначу берашна тIехь белхахоша ницкъбар, къизаллаш лелор толлуш.

Пачхьалкхан Думин депутата Курбанов Ризвана гIаттийнера и дов, социалан машанехь оцу интернатехь лелочу харцонех, цигахь лаьтта ледара, могашчунна а томехь доцу Iер-дахаран хьелаш довзуьйтуш, «ХIинжа-ГIалин волонтераш» тобано хаам баржийначул тIаьхьа. И гIуллакх терго йоцуш цадитар доьхуш буха куьйгаш яздинера 130 эзар стага.

Цу дийнахь Дагестанан куьйгалхочо Абдулатипов Рамазана вовшахтоьхначу Кхерамзаллин кхеташонехь дийцаредира берийн интернатера хьал.

Амма даржхоша бакъ ца дира хьал ма-дуьйццу маьттаза хилар, интернатан белхахой зен видеокамераш хIиттон сацамбира цара цхьабоса.

Карарчу хенахь берийн интернатехь дIахьо талламан белхаш.

Дахначу кIиранах хIора а охьабагарбинчу хиламийн тIахьалонаш ларъян дуьсу къибаседа-кавказхошна.

Ткъа сатийсам беха дикане.

XS
SM
MD
LG