ТIекхочийла долу линкаш

Интерфаксо бахарехь, Кремло чуелла шаьш хьанах Савченко хуьйцу хоуьйту цIерш. Ткъа оцу нахалахь берраш а бац Оьрсийчоьно шен халкъана бовзийта торучех – хуьлуш ма-хиллара, иччархой-шпионаш бу иштачу хьолехь хуьйцурш.

Савченко Надеждин адвокатех волчу Фейгин Марка шена цунах хууш хIума дац, амма хийцича дика-м дара, аьлла. Нийсонца иза хIета а, вета а дIахоьцуш яцахь, шена бен а дац хьанах украинахо хуьйцур ю, бохура цо журналисташка.

Мила хила тарло, Савченкох базар а йина, Кремлна цIехьаверзо луург?

Хаттарна дала жоп дац цкъачунна. Амма Украинерчу Iамеркан Штатийн векало Пайет Джефрис хоуьйту цхьаболучийн цIерш. Ша ца теша, шена дош доцург а хета Савченко Надежда Бут Викторххий, Ярошенко Константинаххий хийца тарло бохург, аьлла ду цуьнан дIахьедар.

«Ша и хуьйцу цхьаннах бохург а ду беламе. Иза харцонца лаьцна а яра, харцонца а кхобу шегахь Оьрсийчоьно, Минскехь бина барт а бохош – оцу тIехь тIадам билла а догIу» - аьлла Iамеркан Киеверчу векало.

Кхин цхьа нах а бу, хууш а долуш, Савченкох хийца мегаш. Украинан президенто магийна шаьш Донбассехь лецна оьрсийн иччархой (ГРУ) Александров Александр а, Ерофеев Евгений а зудчунна дуьхьал Кремле дIавала.

Ткъа оршоьтадийнахь Путинан пресс-секретара Песковс журналисташна жоп луш элира, цкъачунна Савченко хийца тарлуш ду я дац боху сацам бина бац.

Оцу юкъанна аьлча, нах дехьа-сехьа хуьйцуш, доккха зеделларг ду Советан Iедал а, цуьнан бакъонаш иза доьхча шен караэцначу Оьрсийчоьнан а.

Уггаре а гIарадаьлла хиллачех ду Советийн исторехь оьрсийн шпион Абель Рудольф Iамеркан кемалелорхочух Пауэр Гэрих Берлинерчу цхьана тIайтIехь хийцар. 1979 шарахь баптистийн мозгIар Винс Георгий а, диссидент Гинзбург Александр а Iаьмерке дIавелира Оьрсийчоьно Вашингтоно «кеманийн къайленаш» лечкъош лаьцначу Кузнецов Эдуардна а, Дымшиц Маркна а дуьхьал.

Цул кхо шо хьалха Чилерчу компартин лидер Карвалан шега схьаийцира Кремло, цуьнна дуьхьал дIавахийтира Iаьмерка набахтехь ша валлавен диссидент Буковский Владимир.

1986-чу шарахь набахтера ара а хецна, шина шпионах хийцира Оьрсийчоьно Щаранский Натан. Оццу шарахь хийцира Москох ХIелсинкин Тоба кхоьллина волу Орлов Юрий Iамерко лаьцначу шпионах Захаров Геннадех.

Дукха хьолехь нислора, Iамеркара оьрсийн шпионаш цIа а богIуш, ткъа Iамерко Оьрсийчоьно Iедал емалдарна набахтехь кхобу нах Штаташа шега дIа а оьций, маьрша бохуш. И тайпа масалш дуккха а ду.

ХIинца Савченко Надеждица доьзна йийца яьккхина ши цIе. Бут Виктор Колумберчу гIаттамхошна герз а духкуш, Iамеркан бахархой байа гIортарна 25 шарна шен набахте хьажийна Штаташа. Ярошенко Константинна 20 шо хан тоьхна Iамеркахь, иза цига кокаин кхачон гIортарна.

Савченко Надеждин адвокате Файгин Марке хаьттара Маршо Радионо, мегий иза шен шпионех Кремло хийца, аьлла. Файгинна иштаниг хила тарло аьлла хета.

Файгин: « Хазийнарг ду – хийца мега, аьлла. Иза президента Порошенкос дIакховдийна вариант ю. Жоп карор хир ду. Амма низаме диллича, хилам юридикан бухца тарбан беза, цунах лаьцна Песковс а элира, кхечара а дуьйцу. Иза нийса хIоттийна хаттар ду, хIунда аьлча, иштта дIа хийца тарлуш дац, цхьаннех вуьйш, хIан-хIа.

Я нах дIабаларх йолчу 1983-чу шеран дуьненаюкъарчу конвенцин буха тIехь дан деза иза, я президенто ша къинхетамбарх сацам а бина. И некъ карор бу. Муьлханиг? Собар дер вай».

Кхеташ ду, Савченко цхьаннах, я дукханнех Оьрсийчоьно хийцар бала тарлуш некъ бу. Иза президенташа къастор ду. Амма шега Савченкога цхьаммо а хоттур дац, хьанах лаь цунна ша хуьйцийла.

Иштта бу Маршо Радион оьрсийн сервисан корреспондента Поляковская Еленас арахецначу артиклан чулацам.

XS
SM
MD
LG