ТIекхочийла долу линкаш

Коммуналан декхарх хьалха бовла ца туьгу Нохчийчуьра бахархой


Нохчийчуьрчу Iедало дахначу шеран чакхенехь официалехь дIахьедар динера, нагахь санна махко доьдучу шеран коммуналан декхар дIалахь, Кремло дисинчунна гечдийр ду аьлла.

Дахана шо синтеме дацара Нохчийчуьрчу бахархошна. Мичча хенахь а, дийнахь-буса неI еттара церан комуналан урхаллин белхахоша, шайца гIоьнна улле баьхна пурстоьпаш а болуш. Церан Iалашо яра, декхарш дукха долчу нехан бахам чоьте баккхар, нагахь санна ахча схьадалра хьедахь, юха иза Iедалан дола берзош.

Бахархошкара декхар схьадаккхархьама, низамаша могуьйту а, йихкина а кепаш ялайора Iедалан белхахоша.

Цхьана баттана ахча хьединчунна кхин а тIе гIуда тухуш, белхан алапа дIа ца луш, нагахь санна Iедална хьо декхар вац аьлла, ахь кехатан тоьшалла ца гайтахь.

Керлачу шеран кхаа баттахь коммуналан 8 миллион декхар тоьках, серлонах, хих схьагулдина шаьш, аьлла хаам бо пурстоьпийн урхаллин векало.

Иштта, Соьлж-ГIаларчу кхелан пурстоьпашкахь 3 эзар сов Iедална коммуналан ял дIацаеллачу нехан терахьаш а ду.

2015-гIа шо довш мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхеташонехь дIакхайкхийнера, карадогIучу шеран хьалхара бутт бале хих, тоьках, газах, серлонах бахархошна тIехь долу декхар охьадилла дезаш ду, аьлла.

Цуьнан багах и даларца, де-буьйса а доцуш хIуьттура декхар схьадаккха бахархойн неIаршка коммуналхой.

Ахча дIадала данне а доцучийн, пусар доцуш, дахаран хьелаш лакъадой, дIабоьлхура.

Дечкен-баттахь зорбанехь хаам а баьржинера, Iедало харц-бакъ лаккхара мах хIусамашка кхачочу серлонах охьабиллийтина хиларх а, ткъа дуьсуш долу кхечу Iедало латточу хьелийн декхар 600 миллион бен ца хилар.

Аьрзнаш кхочу Маршо Радионе махкарчу бахархошкара, бутт батте мел болу, коммуналан мехаш бесташ хилар, оцу декхаро шайн са дукъийна хилар а хоуьйтуш.

Юха а вовшахтоьхна Iедало белхан тобанаш, цу юкъахь бу Соьлж-ГIалин мэрин, ток, серло, хи латточу хьукматийн белхахой а, шайца цхьаьна кхелан пурстоьпаш а болуш.

Соьлж-ГIала 63 декъа а екъна, белхан тобанаш лела цигахула ял схьалехьош. ХIора денна шаьш бинчу белхан жамIаш лаккхарчу хьаькамашна охьа а дохкуш.

Шо доладелчхьана 33 декхарохочун бахам Iедало шен чоьте эцна хIинцале а. 300 стагна дихкина дозанал аравалар.

Амма тидаме цо лору цара, адам миска хилар, цуьнан таронаш ца хилар, белхан меттигаш цахилар, тIедогIуш шай дацар а, бохуш текъамаш бо гIелбеллачу бахархоша.

Iедало шайна дуьхьал доху некъаш тIех шога лору цара.

Шайна-м хаьа, бохуш яздо цхьаболчара социалан машанехь, Iер-дахаран хьелех мах охьабилла безий Iедална. Массеран а ма яц таронаш шен-шен хенахь и мах охьабилла.

ТIедогIу ахча ца тоьа доьзална хьажо, я молха-дарба дан оьшуш меттиг нисло, я валар-висар дерзон, бохуш хеза цаьргара леткъамаш.

Цул совнаха, цара дийцарехь, и ахча схьагулдийраш а бац куьйгашна цIена.

Масала, ши-кхо шо хьалха дийцаредора ахча дIаоьцучу Iедалан РКЦ олучу урхалло бахархоша дIаеллачу йолатIера 3I6 миллион сом лачкъийнера, бохуш.

Маршо Радио зIене елира Нохчийчуьрчу хIусаман-коммуналан министраллин цхьана декъан куьйгалхочуьнца Мушкаев Русланца.

Уггар хьалха тхуна хаа лиира, дуй-те сурт ма дуьйцццу ирча. Коммуналан белхахой, пурстоьпаш нехан хIусаме а лелаш, гIиллакхах бухий, шогачу леларшца-аларшца, юьхь йохуш хIусамашкахь хьийзар.

Мушкаев: «Адамо шена лучу хьелех ахча дала деза, цунах кхета а кхеташ, хаа а хууш. Ахча лушберш а бу, шаьш и дала дезий ца хуурш а бу дуккха а. Массо а хаа декхар ву, ша Iачу хIусаме шена хи а догIуш хилча, ток а йогIуш хилча, газ а хилча, цуьнан цхьа мах буйла.

Дала дезахь а, ца дезахь а тхоьгара ахчанаш доху бохуш, и хIуманаш дуьйцу наха. Адамийн маттахь олуш берш а бу, амма шолгIачу керта, кхозлагIчу керта хьо вахча, адамийн мотт бийца ца вуьту цара. Дуьхьал шайн бага доггIург дуьйцуш».

Руслане оха хаьттира, Iай делахь а, аьхка делахь а, чохь кегийн бераш хилар а, тидамза дуьтуш, заьIапхо хилар а бендоцуш дуьтуш, дIадала ахча доцурш токах, газах дIахедабар, баттана декхар хьединехь, цунна гIуда тохар, низамашца мел догIу, аьлла.

Мушкаев: «Iаьан заманахь йовхо дIахадо бакъо яц. ДIалун хьелаш лахдан бакъо ю, амма иза а ца до оха. Цул совнаха, декхар хьединехь, гIуда тоха бакъо ю тхан, амма иза а тухуш дац. Хало хьоьгуш, гIийла нах вайлахь хиларна ду иза.

ТIех адамашна ницкъ хуьлу агIо лелор яц вай бохцш, ур-атталла, церан бахам багарбеш, декхар болчийн, кхечу регионашкахь гуш ма ду вайна, церан чу а оьхуш, телевизор хуьлийла и, кхиерг а, схьайохуш, вайн цIахь дац и хIуманаш а.

Туькана вахча, ахь ахча ца делча бепиг хIума ма ца ло хьуна.И бепиг эца а леррина хьо ваха веза. Ткъа коммуналан хьеалш хьо цхьанхаьа ваха а ца оьшуш, хьуна чукхачош ду».

ХIусаман-коммуналан министраллин хьаькамо Мушкаев Руслана ца боху Iедалан низамаш талхош, бахархой декхарийла бухку шаьш.

Амма цхьабакъду, цо тIаьххьара далийначу масална дуьхьал хаттар кхолладала тарло хьеннан а.

Стаг туькана а вахана, бепиг оьцуш цунна хаьа, баьпкан мах, хаьа и шира ду я керла ду а.

Ткъа неIаре баьхкинчуIедалан белхахоша шаьш бахархошка декхар схьадоьхуш, хоттий-те, дуй шийла-довха хи, хIусамехь тоъал юй йовхо а?

XS
SM
MD
LG