ТIекхочийла долу линкаш

Brent олучу мехкадаьттан мах Шинарин Iуьйранна охьабаьлла цхьана чермах 40 долларал а. Иштта дайлуш ду кхечу маркийн мехкадаьтта а. «Блумберг» агенталло бинчу хаамца, мехкадаьтта дайлуш долу масийтта де ду. Цуьнан бахьана ду аьлла хета говзанчашна, Iамеркехь гулдечу мехкадаьттан барам алсам балар.

Оьрсийчура эксперташна хетарехь, черманан мах 40 доллар, я жимма лахара а болуш, иза духкур ду кхин а ши кIира даьлча Катарехь хила деза мехкадаьтта духкучу пачхьалкхин цхьанакхетар чекхдаллалц. Цу цхьанакхетарехь дуьйцур долу хаттар ду, мехкадаьтта кхин а дай цадалийта иза даккхар цхьана тIегIантехь сацор.

XS
SM
MD
LG