ТIекхочийла долу линкаш

Шокин Украинин инарлин прокуроран даржера дIаваккха бакъо елла Радано


Украина -- Радан кхеташонехь къамел деш ву Шокин Виктор.Заза. 29, 2016

Украина -- Радан кхеташонехь къамел деш ву Шокин Виктор.Заза. 29, 2016

Шокин Виктор Украинин инарлин прокуроран даржера дIаваккха бакъо елла Лаккхарчу Радано. И сацам тIеэца реза ду шаьш аьлла кхаж тесна 289 депутато. Цу кепара, цара къобул дина Шокина ша балхара дIавалийтахьара аьлла дина дехар.

Чиллан-буттахь Шокине дарж дита аьлла кхайкхам бинера президенто Порошенко Петрос. Цуьнан бахьана дара Шокин коррупци да а ву, реформашна новкъарло еш а ву аьлла цунна критика ян йолор.

Шинарин дийнахь хиина Шокина балхара дIаваьккхина хилар инарлин прокуроро дIабохуш бу кхаьънаш эцначу прокурорашца доьзна гIуллакхаш толлуш болу нах аьлла дIахьедар дина волу шен когаметта Сакварелидзе Давид. Сакварелидзе Iуналла деш вара цу талламана.

Прокуратурехь хаам бина иза дIаваккхаран бахьана балха хIоттош далийтина гIалаташ ду аьлла. Сакварелидзе ву Одессан губернаторан Саакашвили Михаилан юххера накъост.

XS
SM
MD
LG