ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кипрехь лаьцна Мисаран некъахойн кема дадийна стаг


Кипр -- Ларнакин кеманпорт, Мисаран дадийна долу A320 кема. Заз. 29, 2016
Кипр -- Ларнакин кеманпорт, Мисаран дадийна долу A320 кема. Заз. 29, 2016

Кипрехь, Ларнаки гIалан кеманпортехь лаьцна Александрияра Каире доьдуш хилла Мисаран некъахойн кема дадийна стаг. Цунах лаьцна хаам бина Кипран Iедалан векалша. Кема дадийначу стеган цIе ю Мустафа Сейф-Элдин.

Кипран хаамийн гIирсаш дийцарехь цу стага доьхург хилла Мисарахь набахташкахь лоттон зударий дIахецар а, Евробертан векалшца ша цхьанакехтийтар а.

EgyptAir компанин дадийна кема юьстахдаьккхина дара. Цу чохь висанера 7 закъалтхо - кеманан тобанан командир а, цуьнан гIонча а, стюардесса а, кхерамазаллан сервисан эпсар а, ткъа иштта кхо некъахо а.

Офицалан болчу хаамашца, кеман тIехь хилла 81 стаг, шайна юкъахь кхечу пачхьалкъхашкара 20 стаг а, 15 стагах лаьтта кеманан тоба а йолуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG