ТIекхочийла долу линкаш

Зазадоккхучу –беттан юьххьехь Нохчийчохь Iедалан тIегIанехь акци ю йолийна дIахьош «Библиотекана совгIатна киншка» аьлла.

Советан заманахь Оьрсийчоь уггар кинжкаш дукха йоьшу пачхьалкх лоруш хиллехь а, тахна муьлххачу а статистико бакъдо, кинжкашца гергарло лелочийн терахь хаъал охьадалар ерриг Оьрсийчохь.

Нохчийчохь а дац да воккхавуьйр волуш хьал.

Литературо адамийн синкхетамна боккха тIеIаткъам бо. Цундела шен къоман истори, мотт, цуьнан хилларг-дерг довзийтархьама вайнехан яздархоша дуккха а арахоьцу говзарш, амма шаьш яздархоша а даре деш, бац уьш оьшуш, йоьшуш нах.

Нохчийчуьрчу оьздангаллин министраллин омраца Зазадоккхучу беттан юьххьехь акци йолийна махкахь «Библиотекана совгIатна киншка».

Акцин Iалашо лору еса лаьтта библиотекийн терхеш дIаюзар, киншкех къаьхкинчу бахархойн ойла юха тIеерзор.

Ткъа яздархошка шайга ладоьгIча, толаме хир дара аьлла хета, нагахь санна хIора вахархочо книгийн метте цхьацца и киншкаш ешархо велча совгIатна.

Цу хьокъехь яздархочо-прозаика Бексултанов Мусас далхийра Маршо Радион шеца хиллачу къамелехь. Цо хьахийра шен дукха хан йрццуш кхечу яздархочуьнца, поэтца Абдулаев Лечица оцу хьокъехь хилла къамел.

Бексултанов: «Ас боху Абдуллаев Лече, делахь цхьа кхо бIе ешархо мукъана а велара вайн кху махкахь. Ахь хIун дуьйцу, боху цо соьга, кхо бIе хилча-м хьуна кхи хIун оьшура. Кхетий хьо цо бохчучух? Цунна хаьа уьш боцийла, суна а хаьа».

Иштта дагалецира Бексултанов Мусас 80-чу шерашкахь нохчийн къоман культура лаккхарчу тIегIанехь йолчу хенахь, керла киншка араяьлча хуьлуш хиллачу кхоах, тахана къомана хиллачу эшамах а.

Бексултанов: «80-чу шерашкахь санна вайн култура лакха яьлла зама еана яц нохчашна цкъа а. Гуттар театршка оьхура нах, яздархо веача мел доккха хIума хетара, цуьнца цхьаьнакхетар хилча а. Суна дагадогIу, муьлхха а нохчийн киншка араяьлча, кхаьънаш дохуш, ши-кхо туька бен ян а яцара хIетахь. Цигахь раьгIнаш хуьлур-кх, киншканашна хIуттий».

Адаман кинжкица гергарло, доттагIалла бераллехь долалуш ду. Кеп-кепара кинжкаш ешаро довзуьйту цунна дуьненан Iилма, хаарийн лакхене кхачаво, бохуш марздора тоххара ишколашкахь берашна киншка ешар.

Делахь а, вайна ца тахь а, ткъе итт - шовзткъа шо хьалха санна, ешаре, библиотекаш хьашт долуш бац, къаьсттина кху заманан кегийрхой.

Психологашна, хьехархошна а бахаьанаш го керла юкъаевллачу технологеша адамийн хье дIабаьхьна хиларца.

Ткъа Iилманчаша чIагIдарехь, цхьана а интернето а, техникин гIирсаша а хуьйцур дац яздархочун синкхетамах, дагах чекхдаьлла, яздина дош.

Соьлж-ГIаларчу хьосташа дийцарехь, йолийначу акцех баьлла пайда хIинцале а. Къоман библиотекана совгIатна цхьана дийнахь бахархоша шайгара елла 2,5 эзар киншка.

Нохчийчуьрчу Ноьвран, Теркйистан, Куьрчалан, Шуьйтан кIошташкара библиотекаш а юзуш ю ярташкарчу бахархоша совгIатна лучу киншкийх.

Кеп-кепара энциклопедеш, дошамаш, техникан, юьртбахаман хьелех ,медицинан киншкаш. Яц царалахь къоман исбаьххьаллин литература.

Дозаллица хаамаш баржийна Москохарчу Ельцинан цIархчу библиотеко совгIатна Нохчийчоьнна 5000 эзар киншка елла, Ломоносовн цIарахчу пачхьалкхан уиниверситето 500 елла, иштта дIа кхин а бохуш.

Амма болчу хаамашца, яц и литература цкъа а книгашешархочо шен тидам тIебохуьйтур болуш.

Шен цIе яккха цалиинчу Соьлж-ГIалин библиотекан белхахочо элира «Москохара дуьйнна схьакхачийна киншкаш доккхачу декъанна царна шайна а оьшуш а йоцу технически литература ю».

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG