ТIекхочийла долу линкаш

ГIалгIайчохь журналисташна а, бакънашларъярхошна а тIелетта нах лохур бу Талламан комитето


ГIалгIайчохь журналисташна тIелатар дарна дуьхьал акци хилира Москох.

ГIалгIайчохь журналисташна тIелатар дарна дуьхьал акци хилира Москох.

«Адамашна ницкъ барна дуьхьал комитетан» декъашхошна а, журналисташна а ГIалгIайчохь тIелатар дар бахьана долуш талламан гIуллакх долийна Оьрсийчоьнан Талламан комитето. Бевзаш боцучу нахана бехке дуьллург ду, ницкъ а беш, журналисташна болх бан новкъарло яр.

Оцу хиламца доьзна кхин цхьа гIуллакх а ду Iедалша толлуш. Иза ду адамашна тIелатар дар а, хулиганалла лелор а, нехан бахам хIаллак бар а аьлла цIе йолуш.

Журналисташна а, бакъонашларъярхошна а тIелатар дира зуламхоша уьш ГIалгIайчура Соьлж-ГIала баха новкъабевлла болуш. Туьтмаьжгаш йоьхкинчу ткъех стага йиттира царна, уьш тIехь хилла жима автобус а ягош.

XS
SM
MD
LG