ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоь дерриг дуьненна а кхераме лору Британин министро


Гуьржийчоь -- Британин арахьарчу гIуллакхийн министр ХIаьммонд Филип, Тбилиси.
Гуьржийчоь -- Британин арахьарчу гIуллакхийн министр ХIаьммонд Филип, Тбилиси.

Дуьненан аренехь Оьрсийчоьнан лелар кхераме а, девне а ду аьлла дIахьедар дина Британин арахьарчу гIуллакхийн министро ХIаьммонд Филипа. Дуьненан юкъаметтигийн системехь пачхьалкхйин леларан кепаш тергаме цаоьцу Оьрсийчоьно элира министро Гуьржийчохь шен хиллачу зорбан конференцехь вистхуьлуш.

ХIаьммонда дийцарехь, Британи хьалха санна хеташ ю Гуьржийчоьнан цхьаалла меттахIотто еза аьлла. «Гуьржийчоь санна йолчу пачхьалкхийн аьтто хила беза шен кхане шаьш харжа» бохуш вара иза. Оьрсийчоьно йозуш йоцу пачхьалкхаш санна къобул йина 2008-чу шарахь тIеман конфликт хиллачул тIаьхьа Гуьржийчоьнах дIакъаьстина Абхази а, Къилба ХIирийчоь а. Тбилисино и территореш Оьрсийчоьно дIалаьцна лоруш ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG