ТIекхочийла долу линкаш

Вашингтонерчу зарратан саммите цабахана Оьрсийчоьнан векалш


Iамерка -- Дуьненаюкъара зарратан самммит. Вашингтон Охан-бутт 1, 2016.

Iамерка -- Дуьненаюкъара зарратан самммит. Вашингтон Охан-бутт 1, 2016.

Иттаннаш пачхьалкхаша дакъа а лоцуш, дуьненаюкъара зарратан саммит йолаелла Вашингтонехь. Цигахь дакъалаца реза цахилла Оьрсийчоь. Малхбузехь иза доьзна ду аьлла хета, Оьрсийчоьно ГIирма дIа а лоцуш, Украинин Малхбалехь тIом баккхарна Москохан, НАТО-н а юкъаметтигаш шелъяларца.

Вашингтонерчу конференцин декъашхоша дийцаре дийр ду «боьха бомба» ян гIертачу зуламхойх зарратан коьчаллаш ларъярца доьзна хаттарш. Царна юкъахь ду Къилбаседа Корейн зарратан программица доьзна хаттар а. Пхеньян кхерамаш туьйсуш ю Малхбузенна. Къилбаседа Корйно масийттоза дIахьедар дина ша зарратан ракеташ зерах лаьцна.

Iамеркин президентан къоман кхерамазаллехула волчу хьехамчан когаметто Родс Бена дIахьедар дина, Вашингтонерчу саммитехь дакъалаца реза а цахилла Оьрсийчоьно "ша шена изоляци йина" аьлла.

Вашингтонехь зарратан саммит гуллуш Iедал ду 2010-чу шарахь дуьйна шина шарахь цкъа. Иза юкъаяьккхинарг ву Iамеркин президент Обама Барак. Хьалха хиллачу шина форумехь Оьрсийчоьнан цIарах цига веана вара цу хенахь президент хилла Медведев Дмитрий, ткъа кхолагIчу саммитехь хилира Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей.

XS
SM
MD
LG