ТIекхочийла долу линкаш

«Миллето» гIезалойн маттахь дуьйцура ду "Оьрсийчура бакъдерг"


Украина, ГIирма, Симферополь -- ГIирмин территори тIехь ГIирмера гIезалойн маттахь болх бан доладелла пропагандаин сателлитан телеканал. "Mиллет", 1Sep, 2015

Украина, ГIирма, Симферополь -- ГIирмин территори тIехь ГIирмера гIезалойн маттахь болх бан доладелла пропагандаин сателлитан телеканал. "Mиллет", 1Sep, 2015

Оьросийчоьнан ницкъаца дIалаьцна йолчу ГIирмин территори тIехь ГIирмера гIезалойн маттахь болх бан доладелла сателлитан телеканал. Цунах лаьцна хаам бина цу каналан коьрта директоро Мамбетов Сейрана.

Хьалхо цу ахгIайренехь долчу оьрсийн Iедалша дIакъевлира берриг а шайх бозуш боцу зорбанан гIирсаш. ГIирмехь долчу Iедалан куьйгалхочуьнан когаметто Бальбек Руслана дIахьедар дина «Миллет» (Халкъ) цIе тиллинчу шайн телеканалан коьрта Iалашо ю Оьрсийчоьнна дуьхьал ечу пропагандана дуьхьал латтар аьлла.

2015-чу шеран Марсхьокху баттахь ГIирмерчу гIезалойн жигархоша дуьхьалонан акцеш дIаяьхьира «Миллетана» регистраци ярна, иза Кремлехьа пропаганда яран гIирс бу бохуш.

Нисса шо хьалха Охан-беттан Хьалхарчу дийнахь ГIирмера Iедалша дIакъевлира цхьаъ бен доцу ГIирмерчу гIезалойн маттахь программаш гойту АТR олу телеканал. И гIулч луьра емал йира Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Евробарто а, ОБСЕ-но а, Аmnesty International вовшахтохаралло а, иза ГIирмерчу гIезалойн маршо а, бакъонаш а гатъяр ду аьлла.

XS
SM
MD
LG