ТIекхочийла долу линкаш

Карабахера хьал дуьйцур ду Венехь


Ломара Карабах, Охан. 02. 2016.

Ломара Карабах, Охан. 02. 2016.

Венехь тIедогIучу кIиранах цхьаьнакхетар бу Ломара Карабахаца йоьзна конфликт дIаерзо кхоьллинчу Минскера олучу тобан декъашхой. Иза доьзна ду цу регионера хьал чолхечу даларца. Азербайджан а, Эрмалойчоь а вовше бехкаш дохкуш ю конфликт йолчу зонехь маслаIат дохорна.

Хьал чолхечу даларна Эрмалойчоь бехке йина Азербайджанан арахьарчу гIуллакхийн министралло. Эрмалойчоьнан тIеман министралло дIахьедар дина, Азербайджанан арми тIелетта шайна яккхийн тоьпаш а етташ, гIагIдиллина техникех а, авиацехь а пайда а оьцуш аьлла.

Шоьта дийнахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира кхайкхам бина шина агIоне сихха герз деттар саца а де, сатухуш а хила аьлла. Ткъа Оьрсийчоьнан тIеман министро Шойгус телефонехула дийцаре дина цу регионера хьал меттадало дан оьшург Эрмалойчоьнан а. Азербайджанан а тIеман министршца.

ПIераскана дийнахь Вашингтонехь Iамеркин вице-президенто Байден Джос шен хиллачу цхьанакхетаршкахь кхайкхам бинера Азербайджанан а, Эрмалойчоьнан а лидершка Ломара Карабахера дов машарца дIадерзаде аьлла.

XS
SM
MD
LG