ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркин эскархоша тIеман говзаллина Iамор бу юха а Шемара оппозицин декъашхой


Iамерка -- Инарла Уоррен Стив.
Iамерка -- Инарла Уоррен Стив.

Iамеркин эскархоша тIеман говзаллина Iамо болийна Шемара оппозицин декъашхой, уьш «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанна дуьхьало ян таро йолуш хилийтар Iалашонца. Цунах лаьцна хаам бина Цхьаьнанатохначу Штатийн армин векало Уоррен Стива.

Цу кепара юха а дIайолош ю эзар гIаттамхо Iамор Iалашонца Iамерко йолийна хилла программа. Стохка иза кхочуш яр сацийра Iамеркахоша, шаьш Iамийначу нахах цхьаболчара Шема цIабирзича шайгара герз мостагIашка дIадалар бахьана долуш. Пентагоно бинчу хаамца, цара Iамор бу гIаттамхой коалицино тохарш дан оьшуш меттигаш билгалъяха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG