ТIекхочийла долу линкаш

Бовдийначийн могIа буьзи хIинца кхин а цхьана къонахчо


Нохчийчоь --иллиалархо-бард Бетелгериев Хьусайн.

Нохчийчоь --иллиалархо-бард Бетелгериев Хьусайн.

Масех де хьалха лар йоцуш вайначу бардан Бетелгириев Хьусайнан кхолламах дерг хууш дац тахана а.

Гитара-пондарца иллиалархошлахь, илли-эшар, мукъамаш кхето охIла болчу говзанчаша а, могIарерчу наха а – массара а Iаламат дика тIе а оьцуш, Нохчийчохь шуьйра, тIех дика вевзачех цхьаъ ву Бетельгириев Хьусайн.

Цуьнан кхолларалло, Даймахках, къомах, даккхийдедеш, хьааме тедо ладогIархойн дегнаш, тешадо гIайгIа, бала боцчу, ирсечу кханенах…

Зазадоккху-беттан тIаьххьарчу дийнан суьйранна иза хаамза вайна аьлла, къаьхьа кхаъ Iорабаьлчахьана сингаттамехь бу хьанала, беркате, дика ойла мел кхобуш болу нохчий.

Интернет машанехь, телпонаш чухула могIарерчу наха а тIехь шайлахь сихонца дIасабаржийна Хьусайн муьлш бу ца хуучу наха вигна, карош вац боху хаам. И ирча кхаъ мел хезначара Деле воьхуш ву иллиалархо.

«Ванах, бакъ дуй те иза? Цуьнгара хIун даьлла? Ва-а дела, мила ваха- те цунна коча?! И санначунна тIе а кхийдаш хилча, кхечеран къа мича даха деза? Дала могуш-маьрша цIехьаверзавойла Хьусайн!

Цхьа Дела воцург накъост воцуш дисна-кх нохчийн къам». Герггарчу барамех ишта дешнаш хазадо йиш йоьхначу бахархоша Бетельгириев Хьусайн хьокъехь. Нахе кхеттане кхета ца ло илланча вигар бахьана. Цу хиламо, забар а йоцуш, кхерамах дуьзина дукхахболчу вайнехан дегнаш.

Стенна? Мича? ХIун динчунна? Иштаниг муха мегар ду? Цу а, кхечу а коьртах дуьйлучу, жоьпаза дуьсучу хеттарша лазаме сагатдо нехан. Ма-дарра аьлча, хьокхунна, оцунна вигна аьлла, шайн шеконаш гIарьяха а хIуьттуш бац тахана дукха нохчий.

Оцул луьра лору цара карарчу хенахь кхузахь кхолладелла хьал.Хьалха –Мартана кIоштера хьехархо Iалавди ву Бетельгириев Хьусайнах дош олуш.

Iалавди: «Кху тIаьхьарчу деношкахь хиллачу хаамо дегнаш дохийна сан а, дукха нехан а. Бетельгириев Хьусайн мича вахана ца бIарзбелла бу боху цуьнан доьзал а, гергарниш а, и мел вевзарш а. И ца вевзаш кху Нохчийчохь стаг,суна схьахетарехь, хир а вац. Цул машаре стаг мила хир вара? Илланча.

Цуьнан да а хилла боху халкъан иллеш олуш. Дукха адам ду-кх,хIун ду техьа,муха ду техьа бохуш, Хьусайнна саготта, иза цIаверзаре дог дохуш. Цхьа ахча долуш вехаш стаг хилча-м саяккха вигна эр дара… Махкаххьа-м хета а, вета а вовзара иза. Цо дIа мел олу иллеш чIогIа чулацаме хуьлура.

Чулацаме доцурш-м цо ала а дера ца олура. Франце пачхьалкхехь а, ур-атталла иллеш баьхна ма ву иза. Илланча вара-кх иза цIена. И воцург кхин стаг ца карийна те царна аьлла хетта цкъадолчунна. Дала рицкъ цIадерзадойла цуьнан».

Бетельгириев Хьусайн хьокъехь вистхилла хьехархо Iалавди а,и санна бIеннаш кхиболу бахархой а дегайовха бу зе-зулам доцуш, могуш-маьрша Хьусайн цIа вогIур ву аьлла.

Дукхахболчара кхеторехь Бетельгириев санна болчу хьехархо-иллиалархочунна а тIекхийда, харц тIеIаткъам бан болабахь,иза вайнехан юкъараллин кхетам боршам хьаькхначу цIенкъане нисса лахбаларан гайтам бу.

Цундела дукхахберш дегайовха бу халкъан илланча, Европан пачхьалкхаш биста кхаччалц,нохчий сий айина, вайнехан хьокъехь кхечу къаьмнийн хьажам юьхькIаме лакхабаьккхина гитара-пондарча, шен махкахойн дегнаш дело, ирсе бан, церан гIайгIа-баланаш байбан сап-сов цIа вогIур ву аьлла.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG