ТIекхочийла долу линкаш

Путинан гоно оффшорийн импери кхоьллина Панамехь


Оьрсийчоьнах урхалла дечу хьаькамаша а, совдегарша а оффшорашкахь миллиардаш долларшкахь ахчанаш къайладахар гучудаьккхина дуьненаюкъарчу журналистийн консорциуман декъашхоша. Цара бинчу талламца, Путинан гоно а, ткъа иштта цхьамогIа кхечу пачхьалкхийн лакхара даржхоша а дийнна цхьа оффшорийн импери кхоьллина хилла Панамехь. 2

миллиард доллар совъоьккхуш бу ахчанан барам. И хаам зорбане баьккхина кIирандийнахь Панамера Кехаташ аьлла цIе а тиллина, дуккха а пачхьалкхашкарчу куьйгалхоша а, церан гонаша а, Iедалх, ялйоккхучу урхаллех къайладохуш, цхьацца мехкашкахь дIалечкъочу ахчанех лаьцна. И материалаш зорбане яьхна массех маттахь цхьамогIа информацин хьостанаша.

Исландин премьер-министр, Азербайджанан президентан бераш, СаIуда Iаьрбийчоьнан паччахь, кхиберш а бу ахчанаш къайладахьарца доьзна хьахийна. Юьхьара эцна талламчаша миллионашкахь электронан кехаташ, хаамаш. Кхуьнах лаьцна тхайн программехь алсам дуьйцур ду оха тIаьхьо.

XS
SM
MD
LG