ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчуьрчу хьаькамаша офшорашка хьежаде харц ахчанаш гучудаьхна


Панама махкахь низамхоша а, финансийн говзанчаша а Iорадаьхна цхьана ханна кхоьллинчу дуьненан маьI-маьIIерчу фирманашкара офшорашка дIакхачо новкъадаьхна ахчанаш – 2 миллиард долларал а совъоьккхуш.

КIира Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретар волчу Песков Дмитрийс лерина брифинг а гулйина, кесталгIа Путин Владимир сийдоцчу ваккха лерина артиклаш зорбане яха дагахь бу Малхбузера хаамийн гIирсаш аьлла дIахьедар дмнера.

Массо а цецваьллера, хIунда аьлча хIинцалца схьа хьаамо а Кремлан коьртачу гIентан дех хIуъу яздича а, Путинан а, цуьнан гуонан а хуьлуш йолу реакци- шайна бен дIа а ца хета моттийтар, яздинарг тергал ца дан гIортар хуьлуш йолу дена.

ХIинца амма цхьа а хIумма а яздан а кхиале цара олуш ма-хиллара, превентиве цунах лаьцна дIахьедар даро гойтура, гIехь-тера IалагIож хир йоцийла эккха кечйелларг.

КIиран сарахь эххар а зорбане делира тергамхоша, тайп-тайпаналла шайхаллаш а деш сатйисинарг, ткъа Кремлана сел ца тайнарг – цхьа могIа тIеIаткъамечу дуьненаюкъарчу хаамийн гIирсаша зорбане яьхна деталашкахь Путинан гоно миллиардаш долларг ахчанаш къайладахарх йолу артиклаш.

И ахчанаш цара, Дуьненаюкъарчу журналистийн талламийн консорциумо чIагIдарехь, Панама махкахь кхоьллинчу офшорийн имперехь дIалачкъийна латтош хилла.

Mossack Fonseca цIе йолчу, немцойн къомахчу Моссак Юрген цIе йолчу 68 шо долчу стаго кхоьллинчу фирман гIоьнца шайх поштагIуткхин фирманаш олу бакъдолчехь цхьа цIе хилар бен, вуьштта янне а йоцучу фирманийн банкийн чоташ тIе дохуш, цигахь латтош хилла шайн махкахь ясакхаш къайладахархьама арадаьхна долу ахчанаш бIеннаш Оьрсийчурчу а, кхечу мехкашкарчу а лакхарчу даржахоша а, олигархаша а.

Царна юккъехь бу, масала, Китайн куьйгалхочун Цзиньпин Син доьзал а, Мисрин президент хиллачу Мубарак Хоснин кIант а, Азербаджанан президентан Алиев Илхаман гергара нах а, Украинин президент Порошенко Петро а.

Ву царна юккъехь иштта Исландин премьер-министр Гуннлаугссон Давид а, вевзаш волу актер Джеки Чан а, ур-аталла футболах ловзарехь миллионаш вовшаштоьхна волу Месси Лионел а.

Амма Оьрсийчоьнан бахархошна интересе берш уьш бац, Кремлан куьйгалхочун гергарчу гуонера нах бу. Ткъа уьш, и нах, цу Mossack Fonsecа фирмин клиенташна юккъехь шортта нисбелла. Талламан коьрта дакъа Путин Владимиран шира доттагI ларалучу Ролдугин Сергейн лерина ду.

И стаг, талламаш дIахьош декъа хиллачу Новая газета хаамийн гIирсо чIагIадарехь, ши дахар дIакхоьхьуш ву – цхьана дахарехь изамукъамча а, виолончел лакхархо ву, ткъа вукху дахарехь – доккха зеделларг долу финансист, миллиардашкахь долларш ловзочу оффшорийн машанан куьйгалхо а ву.

Газетано чIагIдарехь, цуьнгахула ловхош хилла шайн ясакхех къайлакхоьхьуш долу миллионаш бевзаш болчу оьрсийн олигархаша, вежарша РотенберггIара а, Мордашов Алексейс а, Керимов Сулейманс а.

Цул совнаха, "Керла газетна" (Новая газета) каракхаьчначу документашца, Путинан пресс-секретар Песков Дмитрий а хила там бу офшорийн империца зIенаш йолуш – шен хIусамнана Навка Татьянехула.

Британера Виргинийн гIайренаш цIе йолчу офшорийн зонехь Carina Global Assets Ltd фирмин бенефициар, аьлча а, цу ачхасхьаоьцург хилла иза 2014-чу шарахь схьайиллича дуьйна Навка Татьяна.

Ткъа лакхарчу даржерчу хьукматхойн хIусамнаношна Оьрсийчоьнан низамашца дихкина ду кхечу пачхьалкхашкарчу финансийн интрументех пайда эцар.

Скандале талламаш дIабахьна болу журналисташ Германерчу Зюддойче Цайтунгехь а, Британерчу Гардианехь а, Оьрсийчуьрчу Новая Газетехь а, цхьа могIа кхечу цIеяхханчу зорбан гIирсашкахь а белхаш беш бу.

Новая газетин пресс-секретар йолчу Прусенкова Надеждас Маршо радионе дийцира, хIинца шаьш зорбане яьккхина артикал цу темех лаьцна тIаьххьарниг яц, кхин а дуккхаъ IалагIоже материалаш ю шайн араяха кечйеш аьлла.

Прусенкова: „Цигахь йолчу информацин объем вуно йоккха ю. Тахана зорбане даьллачуьнца кхачалуш дац иза. Цу темин тIехь болх беш болу журналисташ цу тIехь кхин дIа а къахьоьгуш бу, тIейогIучу лоьмарехь а цу темин тIаьхье хир ю.

Доцца аьлча, журналисташ талламаш дIахьош бу, вуно дукха материалаш ю цаьргахь, уьш массо а литта, цаьрца дерг цхьана хорше дерзон а хан оьшу. Суна хетарехь, вайна тIейогIучу хенехь кхин дуккха а интересе хIума гучудер ду“.

Цу юкъана Путинан пресс-секретаро Песков Дмитрийс Кремл шена гергарчу хьукматойн а, совдегарийн а ахчанаш бахьана долуш зорбане евллачу артиклийн хьокъехь кхеле яла дагахь яц аьлла дIахьедар дина журналисташка.

Бакъду, кхечу кепара, вуно ира ю Малхбузерчу Iедалийн цу скандалечу публикацешна реакци. Иштта, масала, Францин президенто Олланд Франсуас оршот Iуьйранна дIахьедар дина, шайн махкарчу хьукматхоша я бизнесхоша Панамерчу документашца доьзна лелийна долу массо а бозбуанчаллаш вуно шога толлур ду Iедало аьлла.

Иштта Британин Iедалхоша а дIаехна шайна журналисташа зорбане даьхначу документийн копеш – цу хьокъехь талламаш бархьама.

XS
SM
MD
LG