ТIекхочийла долу линкаш

Карара шо доладелчхьана 28 стаг доьза вайна Нохчийчохь. Формалехь аьлча, хьан, стенна идийна и нах ца хууш дисина. Амма Нохчийчуьрчу а, дозанал арахьа бехачу а нохчаша оцу ирчачу боламна бехкедо дукха хьолехь Кадыров Рамзанан Iедал.

Нах идор нохчийн дерриг а къоман лазам хилар юьхьар а оьцуш Маршо Радионо кху кIиранах шуьца дийцаредо хаттар.

ХIун ницкъаш, хIун нах бу бахархойх цкъа цхьаъ, тIаккха важа вадош, хьийзарш?

Ду иза Кадыровна хууш лелош, я дац?

ХIоттийначу хаттаран хьокъехь вистхила лаам болучарна йовзуьйту тхайн телефонаш.

Прагера телефон: + 4 20 724 019 832

Горгали а баийтина, охьайилла а мега телефон, тхо тхаьш девр ду шуьца зΙене.

СМС яийта тарло тхан Москохарчу телефон тΙе: + 7 926 23 60 4 65.

Ватсап, Вайбер а ю тхан: + 420 724019832

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG