ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Рамзан а, цуьнан гергарнаш а


Нохчийчоь --Кадыров Рамзан а, цуьнан йишин воI Черхигов Идрис а
Нохчийчоь --Кадыров Рамзан а, цуьнан йишин воI Черхигов Идрис а

Нохчийчохь лакхара даржаш дIасадекъаран башхалла юха а йийца яьккхина махкахь а, цул арахьа а.

Хьалхо ша лаккхара хьаькамаш бинчу шен гергарчу нехан могIа буьзина Кадыров Рамзана. ХIинца дарже хIоттийнарг ву йишин Зулайн воI Черхигов Идрис. Цуьнга делла шен секретариатан куьйгалхочун гIант.

27 шо долу Черхигов Идрис ша схьаваьллачу Куьршалан кIоштан администратор вира цуьнан ненан вашас ши шо сов хьалхо. Шен 25 шо а кхачале хилира иза хIинца шега деллачу дахIетахьлерчу даржан ден когаметта. Иштта Iийна бахамаллица а, латтанашца йоьзначу а юкъаметтигийн министр. Кхерамзаллин кхеташонан секретаран даржехь а латтийра цхьана юкъанна.

Чергизов Идрисах мукъадаьллачу Куьршалан кIоштан администраторан дарже Кадыров Рамзана хIоттийна шен стунваша, хьалха хIусамийн-коммуналан министр лаьттина Айдамиров Асламбек.

Цхьа Идрис хилла а ца Iа Кадыровна гонах оццу йишин Зулайн доьзалера. Нуц, Зулайн цIийнда Черхигов Рамзан ву мехкан транспортан, зIенан министр.

Черхигов Идрис хIоттавале Кадыровн администраци лаьтира шолгIачу йишин Зарганан воьIан Закриев Якъубан карахь. Ткъа иза тахана хьалхара вице-премьер ву.

Оьрсийчоьнан низаме диллича, Кадыровс лаккхарчу даржашка шен гергара нах хIиттор дастаме дац, билгалдоккху зорбанехь тергамчаша-юристаша.

Цара бахарехь, ненан вешинний, цуьнан йишинний берашна, я стунвешина юкъахь лела тарлучу белхан юкъаметтигех аьлла хIумма а дац низамашкахь. Ткъа политологашна хета Кадыров шен доьзал чIагIбеш, мехкан коьрте боккхуш ву аьлла.

«Кадыров шен гергарнаш даржашка а хийшош, Iедалан массо тIегIа царех юзуш ву. Мохк берриг а шен тайп-тукхуман караберзо гIерта иза, - яздо зорбанехь Москох Карнеги центран Iилманчас Малашенко Алексейс.

«Керла Газетан» (Новая Газета) корреспонденто Милашина Еленас а яздо Кадыровн даржаш декъаран политиках лаьцна.

"Кадыровн, хьалха лаьттинчу мехкан куьйгалхошца иза вуьстича, бац шен чуьра вежарий. Иза доьзалехь цхьаъ бен вацар а дара Кремло иза шена гергавалоран бахьана. Цхьалха адам атта ду Iедална пайдаэца. Иштаниг муьтIахь хуьлу шел лакхарчу куьйгалхочунна," - яздо Милашина Еленас.

Кадыров Рамзанан бац вежарий, иза-м хууш ду массарна а. Ткъа бу цо даржаш уггар хьалха тешораш - шичой а, йийжарийн бераш а, зудчун гергарнаш а.

Милашинас къадайо оцу хьокъехь кхин цхьа ойла а. «Кадыровс шена гIолехьа гIортораш лору йижарийн бераш. Оцу могIарахь бац я ДелимхановгIар а, я ДаудовгIар а, яц церан политикехь тIаьхьало, - яздо Новая Газетан корреспонденто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG